8 Амма шайн куьйгаш дӀа а деллий, цунна мел оьшург юхалург лолаш.
Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду.
Нагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гӀо де цунна, тӀевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидӀа а Ӏайта.
Хьайга хӀума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе».
Нагахь санна шайна схьалур дуй хуучу нахе бен аш духалург ца лахь, шуна баркалла ца догӀу. Къинош летийначара а ма ло духалург, юха декхар схьаэцархьама.
Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чӀогӀа гӀертара.