Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 15:7 - Делан Йозанаш

7 Нагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тӀерачу цхьана гӀалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чӀагӀ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гӀо дан.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 15:7
15 Referencias Cruzadas  

Юха, нахана юкъара божарий а, церан зударий а, шайн хьалдолчу гергарчу яхӀудхошна реза боцуш, даккхий аьрзнаш дан буьйлабелира.


Цундела ярташкахь Ӏаш болчу жуьгташа Адар-беттан дейтталгӀа де, чӀогӀа самукъане де дина, дӀахӀоттийна хилла. Цу дийнахь цара вовшийн самукъадоккхуш а хилла, вовшашна совгӀаташ деш а хилла.


И денош жуьгташа даздан дезаш хилла, хӀунда аьлча цу дийнахь уьш шайн мостагӀех паргӀатбевлла хилла дела. Цу баттахь цаьргахь хилла болу бала церан сакъерар хилла дӀахӀоьттира, церан белхар самукъане деза де хилла дӀахӀоьттира. Цара цу деношкахь, тойнаш а деш, вовшашна совгӀаташ дала а, гӀийлачарна сагӀина хӀума яла а дезара.


Нагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца – ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тӀе.


Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду.


Мискачара доккху орца хезча, шен лергаш дӀакъовлуш волчунна, цо орца доьхуш мохь хьаькхча, цхьа а стаг цунна орцах вер вац.


доллучу синца мецачунна яа хӀума а лахь, гӀело ловш волчун дог а эцахь, тӀаккха хьан серло кхетар ю боданехь, хьан бода делкъе санна хир бу.


Нагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гӀо де цунна, тӀевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидӀа а Ӏайта.


Амма хьалхарчу ялхочо цуьнга ла ца дуьйгӀира. Цо иза шен декхар схьадаллалц набахти чу воллийтира.


Хьайга хӀума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе».


Къен адамаш-м даим а хир ду шун махкахь. Цундела шайн комаьрша куьг кховдаде шайн лаьтта тӀехь шайн къомах мел волчу къечунна я мискачунна».


„Декхарш дуьтуш долу ворхӀалгӀа шо тӀекхочуш ду“, – боху цӀена йоцу ойла шайн даг чу йожарх, варелаш, ларлолаш. Иза а аьлла, шайн къомах волчунна хьалха шу бӀаьрмециг довла мега, цунна юхалург хӀума а ца елла. Ткъа цо Везачу Эле латкъам бан тарло, тӀаккха иза шуна къилахь лорур ду.


Ваца ма велаш къен а, миска а волу йолах лаьцна верг, шайн къомах волу исраилхо я шайн гӀаланех цхьанна чохь Ӏаш волу тӀевеанарг иза велахь а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios