Карлабаьккхинарг 15:6 - Делан Йозанаш6 Шу иштта лелахь, шун Везачу Дала шу декъалдийр ду, Ша шуьга ма-аллара. Аша дуккха а долчу халкъашна юхалург а лур ду, ткъа цаьргара юхалург хӀумма схьа а оьцур яц. Аша дуккха а халкъашна тӀехь олалла дийр ду, ткъа цара шуна тӀехь олалла дийр дац. Ver Capítulo |
цундела Ахьа церан мостагӀашна уьш дӀалацийта пурба делира, ткъа мостагӀаша царна дукха зуламаш а дира. Амма шайна тӀе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дӀахӀиттира. Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугӀура, Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кӀелхьарбохурш а лора, ткъа цара уьш мостагӀийн зуламах кӀелхьара а бохура.