3 Кхечу махкара волчуьнгара декхар схьадаккха, ткъа шайн къомах волчо шуна дӀадала дезаш долу декхар схьа ца доккхуш дита.
Нагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца – ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тӀе.
Лай шен оьмар хаддалц веха олахочун доьзалехь, ткъа кӀант хаддаза доьзалхо хилла вуьсу.
Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна.
Гечдар иштта хуьлу: шен юххерачунна юхалург хӀума елла волчу, муьлххачу стага, и декхар шен къомах волчунна гечдан деза. И декхар цо цуьнгара схьадеха ца деза, хӀунда аьлча Везачу Эло дӀакхайкхийра, декхарш схьа ца дохуш дита аьлла.
Кхечу къоман стагера ял яккха мегар ду, амма шайн къомах волчуьнгара ял ма яккха, шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шайн куьйгашца шаьш мел деш долчунна тӀехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама.
Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чӀагӀо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тӀехь къа дуьсур ду.