Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 15:23 - Делан Йозанаш

23 Амма цуьнан цӀий ма даалаш. Иза, хи санна, лаьтта тӀе дӀаӀанаделаш».

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 15:23
12 Referencias Cruzadas  

Амма цхьа хӀума тӀедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цӀий дӀадалаза долу жижиг ма даалаш.


Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша жижиг цӀийца цхьаьна доу, шу шайн цӀушка сатийсамца хьоьжу, аша адамаш хӀаллакдо. ХӀара латта шун долахь муха хир ду?


Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тӀебаьхкина Ӏаш болчарах цхьаммо муьлхха а цӀийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгӀазло яссор ю цӀий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дӀа а эккхор ду.


Шеца цӀий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе.


Миччанхьа шаьш Ӏаш делахь а бежанийн а, олхазарийн а цхьа а тайпа цӀий ма даалаш.


Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цӀуша бехйина хӀума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цӀийх а ларло аьлла а.


Вуьшта-м, шу мел дехачу гӀаланашкахь шайн бежанашна урс хьакха мегар ду шуна. Шун Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина, церан жижиг даа мегар ду шуна. Далла хьалха цӀена волчунна а, цӀена воцчунна а даа мегар ду иза, масаран а, сен а жижиг санна.


Амма, варелаш, дийнатийн цӀийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тӀе дӀаӀанаделаш иза.


Амма, варелаш, цӀий даарх чӀогӀа ларлолаш, хӀунда аьлча цӀий – иза са ду, жижигца цхьаьна иза ма даалаш.


Ма даалаш иза, хи санна, дӀаӀанаделаш иза лаьтта тӀе.


ЧӀогӀа мацбелла болу уьш, шайна карабеанчу уьстагӀашна, стерчашна, эсашна тӀебетталуш, царна арсаш а хьоькхуш, уьш цӀийца цхьаьна дууш бара.


Шауле хаам бира: «Халкъ Везачу Элана хьалха къа латош ду, цӀийца цхьаьна хӀума юуш». Шаула цаьрга элира: «Аша шайх къа латийна. Схьатакхабе со волчу боккха тӀулг».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios