Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 15:13 - Делан Йозанаш

13 Шаьш иза дӀахецча, даьссачу куьйгашца ма вахийталаш иза.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 15:13
9 Referencias Cruzadas  

Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахӀиман Дела а ца хиллехь, ахь со хӀумма а ца луш дӀавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со».


Мисархой исраилхошца дика хуьлуьйтур бу Ас, тӀаккха шу цу махкара дӀадоьлхуш даьсса гӀур дац.


Декъаза ву шен паччахьан цӀенош хьарамлонца дийриг, цӀенойн лакхара чоьнаш харцонца йийриг, шен махкахошка маьхза къахьоьгуьйтург, цара бинчу балхана алапа ца лург.


«Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тӀелаьцначу белхалочунна йогӀу ял дӀалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гӀело ечарна а, тӀевеанарг дӀатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.


«Нагахь санна шун Ӏебархойн къомах волу стаг я зуда шуна лолла вохкалахь, иза ялх шарахь шун лай хила веза. Амма ворхӀалгӀачу шарахь дӀахеца иза.


Комаьршаллица яхьийта цуьнга шайн уьстагӀех, шайн хьаьтта тӀера долчух, шайн муттдоккхургех долу дакъа. ДӀало цунна, шун Везачу Дала шаьш мел декъалдинчуьнга хьаьжжина.


Элий, шайн лешца бакъо а, нийсо а лелош хилалаш. Диц ма делаш, шайна тӀехь цхьа Эла хилар: стигалшкахь волу Веза Эла.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios