6 КӀоргга харш а долуш, бергаш шина декъе екъаелла долу а, нох дохуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду.
Ша кхечарах дӀакъастийнарг шена луъург дан лууш хуьлу. Хьекъал мел дерг дӀатотту цо.
кӀоргга харш а долуш, шина декъе екъаелла берг йолу а, нох доккхуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду.
Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дӀа а довлий, царах дӀакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хӀуманах ма хьакхалойша, тӀаккха Аса тӀеоьцур ду шу».
сенаш, масарш, шоьккареш, хьехарий, тайп-тайпана лунаш, акха гезарий.
Делахь а, нох доккхуш долчех я кӀоргга харш а долуш, бергаш екъаеллачех хӀорш ма даалаш: эмкалш, пхьагалш, гӀамарпхьагалш. Уьш нох доккхуш елахь а, церан бергаш екъаелла яц. Уьш шуна хьарам ю.