Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 14:5 - Делан Йозанаш

5 сенаш, масарш, шоьккареш, хьехарий, тайп-тайпана лунаш, акха гезарий.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 14:5
7 Referencias Cruzadas  

«Хьуна хууш ду, шен Везачу Делан цӀе язъян лерина долу цӀа дӀахӀоттадойла ца хилира сан ден Даудан. ХӀунда аьлча цуьнан тӀом бан дийзира гобаьккхина долчу халкъашца, Везачу Эло, толам а баккхийтина, мостагӀий когаш кӀел охьабахккалц.


«Хьуна хаьий, ламанан гезарша буьхьигаш ян еза хан, сено кӀорнеш еш гиний хьуна?


ГӀелбелла хьан кӀентий хӀора ураман гола тухучохь Ӏохкуш бу. РечӀано лаьцна сай санна бу уьш. Уьш Везачу Элан оьгӀазаллах а, хьан Делан къематах а буьзна бу.


Вуьшта-м, шу мел дехачу гӀаланашкахь шайн бежанашна урс хьакха мегар ду шуна. Шун Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина, церан жижиг даа мегар ду шуна. Далла хьалха цӀена волчунна а, цӀена воцчунна а даа мегар ду иза, масаран а, сен а жижиг санна.


Иза масаран а, сен а жижиг дууш санна даалаш. Далла хьалха цӀена волчо а, цӀена воцучо а даа мегар ду иза шу долчохь.


ХӀорш ду шуна даа мегаш долу хьайбанаш: стерчий, уьстагӀий, гезарий,


КӀоргга харш а долуш, бергаш шина декъе екъаелла долу а, нох дохуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios