2 ХӀунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дӀакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тӀера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхӀар хилийтархьама».
Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дӀаийнера. И къа шайх леточеран могӀаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а».
Ас лаьттан йистера схьаэцна хьо, генарчу маьӀигашкара Ас схьакхайкхина хьо. Ас аьлла хьоьга: „Хьо Сан ялхо ву“. Ас хаьржина хьо, Ас хьо дӀа ца тесна.
Адамийн уьтталгӀа дакъа лаьтта тӀехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хӀу хир ду».
«Везачу Эло паргӀатдаьккхина, деза халкъ» эр ду царах, ткъа хьох «Лехна йолу а, дӀатесна йоцу а гӀала» эр ду.
Исраилан халкъ Везачу Элана лерина схьакъастийна дара, дуьххьара болу стом санна, Цуьнан долахь бен дацара. Иза мел кхоллург бехке хетара, ткъа царна тӀе бохам боуьйтура’ – боху Везачу Эло“».
«Адаман кӀант! Ярушалаймана дуьхьал вист а хилий, цуьнан езачу меттигашна дуьхьал кхайкхам бе. Исраил-махкана дуьхьал Соьгара болу хаам бе.
ТӀаккха гатанан духарца хиш тӀехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хӀара дерриг а чекхдер ду».
Цуьнан ницкъ чӀагӀлур бу, цуьнан шен ницкъаца и ца хилахь а. Тамашийна бохамаш бан а, ша мел дечунна тӀехь аьтто хила а, онда ницкъ берш а, Делан халкъ а хӀаллакдан а ларош хир ву иза.
Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦӀена хилалаш, хӀунда аьлча Со а ву цӀена.
«ДӀаала массо а исраилхошка: „ЦӀена хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву.
Ас шуьга элира: ‘Аша церан латта схьадоккхур ду. Шуьраца а, мазаца а дуьзна долу и латта шун дола дӀалур ду Аса’. Дерриг а кхечу халкъех шу дӀакъастийна волу шун Веза Дела ву Со.
Суна хьалха цӀена хила, хӀунда аьлча Со, Веза Эла, цӀена ву. Ас кхечу халкъех дӀакъастийна шу, Сайн хилийтархьама.
Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагӀанаш санна, шайн догӀмаш Далла дӀало. Далла деш долу и тайпа гӀуллакхаш товш ду шуьгахь.
Цхьа а къеелла йолу хӀума ма яа, муьлхачу шун гӀаланашкахь вехаш волчу тӀевеанчу стагана дӀало иза. Цуьнга яийта иза, я кхечу къомах волчунна дӀадохка и жижиг, хӀунда аьлча хьо хьан Везачу Делан деза халкъ ду. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».
Шун Везачу Дала тӀедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чӀагӀо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду.
Шен халкъ баккъалла а деза Цунна, Цо дӀакъастийнарш Цуьнан карахь бу. Цуьнан когашка охьа а таьӀа уьш, Цуьнгара хьехам дӀа а оьцу цара.
Ткъа шу Везачу Эло, эчиг лало пеш йолчу Мисар-махкара схьа а эцна, арадаьхна. Цо иза, хӀинца схьагуш ма-дарра, шух Шен долахь долу халкъ хилийтархьама дина.
Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу.
Везачу Эло хьо Шен деган лаам бар а, хьо харжар а массо а халкъел хьо дукха долу дела дацара – хьо массо а халкъел жима халкъ ма ду, –
Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.
Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.