Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 14:1 - Делан Йозанаш

1 «Шу – шайн Везачу Делан бераш ду. Шайн дегӀа тӀехь цхьа а чов ма елаш, шайн хьаьжнаш тӀера чоьш дӀа ма дашалаш, стаг велла дела, шайн сингаттам гайта гӀерташ.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 14:1
29 Referencias Cruzadas  

Делах дӀакъаьстина болчу божаршна и адамийн йоӀарий хаза хилар гора. Царех шаьш къастийнарш ялош хилла цара.


Цу хенахь а, цул тӀаьхьа а наьрташ хилла Лаьтта тӀехь. Делах дӀакъаьстина болу божарий адамийн йоӀарех кхетий, оцу зударша бераш дан долийна. Уьш дара майра а, ницкъ болуш а, дикка хенахь дуьйна гӀарадевлла а адамаш.


ТӀаккха цара чӀогӀа маьхьарий хьоькхура. Цара шайн догӀмашна тӀе арсаш а, гоьмукъаш а хьокхура, шайна тӀехула цӀийш охьадоладаллалц.


Хьо-м тхан Да ву, ИбрахӀимна тхо ца довзахь а, Исраилан халкъо тхо къобал ца дахь а. Хьо ву, Веза Эла, тхан Да, тоххара дуьйна а Хьан цӀе «Тхан ПаргӀатдохург» ю.


Махкахь цӀе яхана болу нах а, къен нах а хӀокху лаьтта тӀехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дӀа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа.


Аса, Везачу Эло, элира: «Суна шуьца Сайн кӀенташца санна хила лаьара. Шуна дика латта дала лаьара суна – кхечу къаьмнийн долчул а хаза долу. Суна моьттура аша Сайх Да а олуш, шу кхин цкъа а Сох дӀадоьрзур дац.


Белха а боьлхуш, уьш схьабогӀур бу, доӀанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дӀабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хӀунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».


МицӀпа-гӀала Шехемара а, Шилунера а, Шамранера а везткъа стаг веара, кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а яхьаш, Везачу Элан цӀа долчохь сагӀа даккхархьама. Цара массара а шайн мажош дӀаяьшнера, шайна тӀера хӀуманаш а этӀийнера, шайна чевнаш а йинера.


Шайн сингаттам а гойтуш, Ӏази-гӀаларчу наха шайн кортош дӀадошур ду, Ашкхилун-гӀалара нах бист ца хуьлуш хир бу. ПӀелаштамхойх дийна мел диснарш, дукха хир ду шу, шайн догӀмаш а хедош, шайгара боккха сингаттам гайтархьама?


Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хӀордан гӀум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, – бохур ду цаьрга.


Шайн кортош дӀадаша а, мажойн йистош ларга а, дегӀ а хедош, билгалонаш ян а мегар дац динан дайшна.


Ткъа, Ша тӀе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо.


Амма халкъан дуьхьа хилла а ца Ӏаш, дӀасадаьржина долу массо а Делан бераш схьа а гулдина, уьш цхьаьнатохархьама а хила дезаш дара иза.


Вайна чохь долчу синца цхьаьна Делан Сино Ша тоьшалла до вай Делан бераш хиларх лаьцна.


„Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кӀентий ду“, – бохур ду цаьрга».


исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Ӏибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваӀданаш.


И бохург хӀара ду: ИбрахӀиман дегӀах а, хотӀах а схьадевлларш дерриш а дац Делан бераш, Дала динчу ваӀданца схьабевлларш бен.


«Со шун Да хир ву, ткъа шу Сан кӀентий а, йоӀарий а хир ду, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала».


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарца шу массо а Делан кӀентий ду.


Иштта хир ду, нагахь санна, ас хӀинца деш долу Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Цуьнан бӀаьргашкахь нийса дерг а деш, шайн Везачу Деле аша ладогӀахь».


ХӀай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дӀалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дӀатардина а волу?


Динан вежарий, кхин болу дог диллинарш санна, шу гӀайгӀанехь ца хилийтархьама, беллачарех хуьлург шуна ца довзуьйтуш Ӏа ца лаьа суна.


ХӀунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тӀебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кӀелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.


Делан бераш а, иблисан бераш а вовшах иштта къастало. Делан лаамехь мел воцург а, шен динан ваша цавезарг а Делан бер дац.


Делан бераш вайна дезаш хилар вайна гойту, Дела а везаш, Цуьнан весеташ вай кхочушдаро.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios