Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 13:8 - Делан Йозанаш

8 Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догӀалахь. Хьан бӀаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 13:8
13 Referencias Cruzadas  

Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн.


Сан кӀант! Шайна тӀехь къинош долчу наха хьо шайна тӀеозавахь, къар ма ло.


Иштта дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цӀушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дӀахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш.


Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега.


Шун бӀаьргашна къа ма хетийла цунах. Бехк боцучу стеган цӀий Ӏанор дӀадаккха исраилхошна юкъара, шуна дика хилийтархьама».


Лаьттан цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дӀасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тӀулган а цӀушна Ӏамал йийр ю аша.


Деланаш боцучу жинашна сагӀанаш дохура цара, – хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна, хӀинцца гучубевллачу керлачу деланашна, церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна.


Шун Везачу Дала шайн кара дӀалуш долу массо а халкъаш аша хӀаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гӀуллакх а ма делаш, хӀунда аьлча уьш шуна дӀахӀиттийна йолу речӀанаш хир ю.


Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш.


Сан хьоме бераш! ЦӀуйх ларделаш шаьш.


Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаӀална а, Ӏаштартана а, арамхойн а, цӀаданхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а харцделанашна Ӏамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Ӏамал ечуьра севцира уьш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios