Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 13:6 - Делан Йозанаш

6 Хьан ваша, я хьан кӀант, я хьан йоӀ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагӀа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гӀорта мега: „Вало, кхечу деланашна гӀуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 13:6
50 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха Сарета элира Ибраме: «Со дегабаам болуш хиларна бехке хьо ву. Аса сайн ялхо хьуна елира, ткъа хӀинца ша доьзалхочух хилча, сол а лакхара хета цунна. Везачу Эло къастадойла, тхойшиннах нийса мила ю».


Ма гӀайгӀане ву со, сан ваша ЯхӀуната! Суна хьо чӀогӀа хьомсара вара. Зударийн соьца болчу безамал а, хьан безам суна беза бара.


ТӀаккха Эли-ЯхӀус цаьрга элира: «Схьалаца БаӀалан пайхамарш! Царах цхьа а дӀа ма вахийта!» Уьш схьалийцира. Эли-ЯхӀус уьш, Къишун-хи тӀе а бигна, цигахь байира.


ТӀаккха махкарчу дерриг а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха. Цул тӀаьхьа динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа Везачу Элан цӀенна ха дан нах дӀахӀиттийра.


Ткъа Исраилан Веза Дела лохуш воцу муьлхха а вен веза, иза жима велахь я воккха велахь, иза стаг велахь я зуда елахь.


Дерриге а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха.


сан дог царах къайлаха Ӏеха а делла, уьш лара куьйгана барт ас баьккхинехь,


Мусас халкъе элира: «Шаьш Мисарарчу лоллера арадевлла хӀара де дагахь латтаделаш. Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца арадаьхна шу кхузара. ХӀара де дагахь латточу хенахь совсийна бепиг ма даалаш,


Цо элира цаьрга: «Исраилан Везачу Дала иштта боху: „ХӀора а, шен тур юкъах а дехкий, кху кевнера вукху кевне кхаччалц дӀа а гӀой, юхавола, хӀораммо а шен ваша а, доттагӀа а, уллораниг а ве“».


ДоттагӀий дукха хиларо вохарна тӀевалаво, амма бакъволу доттагӀа хилча, иза вешил а уллора хуьлу.


Сан кӀант, кхечун зудчо дӀалаьцна хӀунда хир вара хьо? Нехан зудчун накхош ахь хӀунда марадухкур дара?


Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира Хьанан-ЯхӀу-пайхамаре: «ЛадогӀал соьга, Хьанан-ЯхӀу, хьо Везачу Эло ваийтина вац. Ткъа ахьа хӀара халкъ харцхаамах тешийтина.


Цундела Везачу Эло иштта боху: „Аса кху дуьнен чуьра дӀавуьгур ву хьо, Хьанан-ЯхӀу. Хьо кху шарахь лийр ву, хӀунда аьлча ахьа кхайкхийнарг бахьана долуш нах Везачу Элана дуьхьалбевр бу“».


цигахь дехаш хиллачу адамаша дина долу вонаш бахьана долуш. Я царна а, я шуна а, я шун дайшна а хьалххе бевзаш ца хиллачу кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, царна Ӏамал а еш, Со оьгӀазвахийтира цара.


Нагахь санна цхьаммо пайхамаралла леладахь, иза дуьнен чу ваьккхинчу цуьнан дас а, нанас а цуьнга эр ду: „Хьо вехийла дац, Везачу Элан цӀарах ахь харцдерг дийцина дела“. Цо пайхамаралла лелочу хенахь, цуьнан шен дас а, нанас а цунах тур чекхдоккхур ду.


Цундела хӀинца дуьйна цхьа а адам кху дуьнен чуьра болчара санна ца лору оха. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг оха кху дуьнен чуьра болчара санна лерина хиллехь а, хӀинца оха иштта кхин ца лору Иза.


Ткъа сунтварах лаьцна дийца дийзира тхан. ХӀунда аьлча цхьаболу харцвежарий къайлаха тхуна юкъабаьхкинера, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца хиларна тхан йолчу паргӀатоне а хьаьвсина, юха а тхох леш дархьама.


Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгӀенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Ӏехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хӀилланца вай тиладолуьйту.


тахана ас шайга дӀакховдош долу Цуьнан массо а парзаш а, тӀедехкинарш а леррина кхочушделаш».


ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀуьттур ду вай, царна гӀуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, –


Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега.


Ткъа цигахь шун Везачу Далла гӀуллакх деш волчу динан дас а, кхелахочо а бохург ца деш кӀоршаме леларг вен веза. Иштта дӀадаккха исраилхошна юкъара зулам.


Ас шена тӀедиллина доцург Сан цӀарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цӀарах къамел деш волу пайхамар а хӀаллакве“.


тӀаккха шен къомах волчунна дан цунна дагадеанарг цунна а делаш. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


Цул тӀаьхьа цуьнан гӀаларчу бахархошка иза валлалц цунна тӀулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. Иза дӀа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу».


тӀаккха иза цуьнан ден цӀийнан неӀаре схьаяло еза, гӀалин бахархоша цунна тӀулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гӀуллакх лелийна дела: шен ден цӀахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.


Нагахь санна шен къомах волу исраилхойн стаг цхьаммо лачкъа а вина, цунах лай а вина, иза воьхкинехь, иштта волу къу вен веза. Цу тайпана дӀадаккха шайна юкъара зулам.


Шуна юкъахь хьолехь Ӏийна волу экам стаг а къинхетам боцуш хьоьжур ву шен веше а, шена хьоме хетачу зудчуьнга а, шеца дисинчу шен берашка а.


Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хӀинца чул тӀаьхьа шайн Везачу Делах дог дӀа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гӀуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хӀума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дӀаьвше а орам.


варелаш, шайн дегнаш кура а ма довлийталаш а, лоллин цӀа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела виц а ма велаш.


Аса иза боху шуьга, цхьаннан а хазачу къамелах шу Ӏеха ца далийтархьама.


Хьала а гӀаттий, халкъ даз а дай, ала нахе: „Ӏуьйре тӀекхачале, цӀан а лой, дӀахӀитта, хӀунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: ‘Суна лерина йолу хӀуманаш, аша схьа а эцна, шуна юкъахь ю, исраилхой. Шайна юкъара уьш дӀаяххалц, шу мостагӀашна дуьхьал латталур дац’.


Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дӀабелла волу Хьалдолу Эла дӀа а тесна, стаг хӀаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хӀаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха.


И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.


ШолгӀачу экхано вукху экханна хьалха Ӏаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Ӏехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тӀедуьллура, туьрах Ӏожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тӀедиллийтар.


Цу саьрмике тӀедогӀу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Ӏехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Ӏин чу а тесна, и Ӏин дӀакъевлира, неӀарна мухӀар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кӀеззигчу ханна иза арахеца безар бу.


Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаӀална а, Ӏаштартана а, арамхойн а, цӀаданхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а, пӀелаштамхойн а харцделанашна Ӏамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Ӏамал ечуьра севцира уьш.


Исраилан халкъ, Везачу Элана тӀаьхьара дӀа а даьлла, БаӀал а, Ӏаштарт а цӀераш йолчу харцделанашна тӀаьхьахӀиттира.


Схьало тхан кара ГебаӀ-гӀалара болу и боьха нах. Оха, уьш байа а байина, Исраилан махкара вон дӀадоккхур ду». Амма Бен-Яманан тӀаьхьенах болчарна ца лиира Исраилан халкъах болчу шайн вежаршка ладогӀа.


Уьш керлачу деланашна тӀаьхьахӀиттича, гӀалин кевнна улло тӀом беана схьакхечира. Шовзткъа эзар стаг шена юкъахь а волуш долчу Исраилан эскарехь я турс а, я гоьмукъ а ца карийра.


Дауд Шаулаца къамел дина ваьлча, цуьнан а, ЯхӀунатин а юкъаметтиг кхин а чӀагӀъелира, цунна иза, ша-шена санна, дукхавезавелира.


ЯхӀунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагӀалла лело барт бира цо.


ЯхӀунатас, чӀагӀо а еш, Даудана хаийтира шена иза мел веза, хӀунда аьлча иза цунна, шен са санна, дукха везаш вара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios