Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 13:4 - Делан Йозанаш

4 Шайн Везачу Далла тӀаьхьахӀитталаш, Цуьнга ларамах дуьзна хилалаш. Цуьнан весеташ ларделаш, Цуьнан озе ладогӀалаш, Цунна гӀуллакх делаш, Цунна тӀетовжалаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 13:4
16 Referencias Cruzadas  

БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тӀера дешнаш кхочуш а деш. ТӀаккха дерриге а халкъо чӀагӀо йира и барт кхочушбан.


БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу тептар тӀехь яздина долу бертан дешнаш кхочушдан а.


Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугӀуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тӀе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла.


Ва адам! ДӀахаийтина-кх хьоьга диканиг хӀун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хӀун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кӀезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар.


И шиъ Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цӀена а дара.


КхидӀа а шайн догӀмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гӀирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дӀало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догӀмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гӀуллакхаша лело гӀирсаш санна, Цуьнан караяхийта.


Ткъа Делах дӀауьйш волчун Цуьнца цхьаьна долу цхьа са а хуьлу.


Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гӀуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш ма баалаш.


«Иштта, шайн Веза Дела везалаш. Ларделаш Цо шайна лардан тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а, весеташ а массо а деношкахь.


шайн Веза Дела везарца а, Цуьнан озе ладогӀарца а, Цунах дӀакхетарца а. Шу иштта лелахь, Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, лур ду аьлла чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шу а, шун тӀаьхье а ехха Ӏийр ю».


Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гӀуллакх а ма де, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш а ма баа.


Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза.


Иза иштта хилахь, массо а хӀуманна тӀехь Делан лаамехь дерг а деш, Везачу Элана хьалха хьакъ долуш лелар ду шу. Аша деш долчу муьлххачу а дикачу гӀуллакхаша стом а лур бу, Дела вовзарна тӀехь кхиамаш а бохур бу аша.


(Ткъа безам иштта бу: стигаларчу Ден весеташ лар а деш, вай лелар.) Иза шуна юьхьанца дуьйна а хезна долу весет ду, и лардеш шу лелийтархьама.


Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тӀедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дӀабаха беза. Аша Ӏаштарт цӀе йолчу далла бина болу цӀуш дӀабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тӀедерза, Цунна цхьанна гӀуллакх а де. ТӀаккха Цо шу пӀелаштамхойн баланех кӀелхьардохур ду».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios