18 Иштта хир ду, нагахь санна, ас хӀинца деш долу Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Цуьнан бӀаьргашкахь нийса дерг а деш, шайн Везачу Деле аша ладогӀахь».
цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю.
ТӀехдукха ваьхна со машар ца безачарна юкъахь.
Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду.
ХӀора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тӀелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтӀахь хила веза.
«Цундела Соьга ла а дугӀуш, Аса аьлларг деш верг шен шахьар буточу тархана тӀехь юттучу стагах тера ву.
Ма даалаш иза, шайна а, шайн берашна а шул тӀаьхьа а даим дика хилийтархьама, хӀунда аьлча оцу тайпана шайн Везачу Делан бӀаьргашна хьалха нийса дерг деш ду аша.
Хьажал, леррина кхочушде аса шуна тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а дешнаш. Аша иза дахь, шуна а, шул тӀаьхьа долчу берашна а дика хир ду, хӀунда аьлча цу тайпана, шайн Везачу Делан бӀаьргашкахь дика а, нийса а дерг деш лелаш хир ду шу».
Ас шайга весет мел динарг кхочушдан хьовсалаш. Цхьа а хӀума тӀе а ма тохалаш, дӀа а ма даккхалаш».
Дакъазадаккха Далла дӀакъастийначух цхьа а хӀума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгӀазалла дӀа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чӀагӀо ма-ярра.
«Шу – шайн Везачу Делан бераш ду. Шайн дегӀа тӀехь цхьа а чов ма елаш, шайн хьаьжнаш тӀера чоьш дӀа ма дашалаш, стаг велла дела, шайн сингаттам гайта гӀерташ.
Шайн цӀенош чу а ма балабелаш и дегаза цӀуш, уьш санна кхоччуш дакъазадаха шаьш дӀакъастийна ца хилийтархьама. Царах даша а ма даша, уьш уггар дегаза а хета, хӀунда аьлча уьш кхоччуш дакъазадаха лерина Везачу Элана дӀакъастийна хӀуманаш ду».
Ӏаханна а, цуьнан доьзална а тӀехь тӀулгех боккха барз бира наха. И барз тахана а лаьтташ бу. Цул тӀаьхьа Везачу Элан оьгӀазалла яйъелира. Тахана а цу меттигах Ӏахур-тогӀи олу.