Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 13:16 - Делан Йозанаш

16 Ткъа гӀали чохь йолу ерриге а хӀонс майданна юккъе схьагулъе. ГӀала а, цуьнан мел йолу хӀонс а цӀерца ягае, шун Везачу Далла лерина долу сагӀа санна. Латтийла и гӀала даим саьлнаш а хилла, цкъа а юхаметтахӀоттийна хила ца еза иза.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 13:16
13 Referencias Cruzadas  

Бежанца дӀавижнарг ве.


ХӀара бу Дамасакх-гӀаланах лаьцна болу хаам. «ГӀаланаш юкъара дӀайоккхур ю Дамасакх. Йоха а йина, херцораш бен юьтур яц цунах.


Ахьа гӀаланах тӀулгийн оьла йина, чӀагӀйинчу гӀаланах саьлнаш йина, хийрачу къоман гӀопах гӀала йоцург йина. И гӀала цкъа а юхаметтахӀоттийна хир яц.


Зама тӀекхочур ю, – боху Везачу Эло, – Ӏаммин-махкарчу Рабба-гӀалин нахана Аса тӀеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гӀаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цӀерца хӀаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гӀаланашкара дӀабахийтира, амма исраилхоша Ӏамминхой цигара дӀалохкур бу, – боху Везачу Эло.


Ас хьо, ерзина тарх а йина, дӀахӀоттор ю. Хьо чӀерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дӀахӀуттур ю. Хьо кхин юхаметтахӀоттийна хир яц, хӀунда аьлча Аса, Везачу Эло, боху иза“. Иштта элира Хьалдолчу Эло».


Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гӀаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тӀулгаш тогӀи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш.


Церан цӀу-деланаш цӀергахь багабелаш. Царна тӀехь долу деши я дети схьаэцар шайн дегнаш чу ма дожийталаш, шайна царах речӀанаш ца хилийтархьама, хӀунда аьлча иза шун Везачу Далла дегаза хета.


Шайн цӀенош чу а ма балабелаш и дегаза цӀуш, уьш санна кхоччуш дакъазадаха шаьш дӀакъастийна ца хилийтархьама. Царах даша а ма даша, уьш уггар дегаза а хета, хӀунда аьлча уьш кхоччуш дакъазадаха лерина Везачу Элана дӀакъастийна хӀуманаш ду».


Кху гӀалахь хӀун ду хьажа хьалха ваийтинчу шина жимачу стаге ЮшаӀа элира: «Нахаца лелачу цу зудчун цӀа чу а гӀой, иза а, цуьнан гергара нах а арабаха, шаьш цунна чӀагӀо йина ма-хиллара».


Нахаца лела Рахьаб а, цуьнан цӀийнах а, гергара а болу нах ЮшаӀа дийна битира, хӀунда аьлча цу зудчо ЮшаӀа Ерихоне хьовса бахийтинарш, дӀа а лачкъийна, кӀелхьарбаьхнера. Рахьабан тӀаьхьенах болу нах хӀинца а исраилхошна юкъахь Ӏаш бу.


Веза Эла ЮшаӀаца вара. Берриг а махкахула гӀараваьллера ЮшаӀ.


ГӀай-гӀала яга а йина, цунах саьлнаш йира ЮшаӀа. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта йохийна Ӏуьллуш ю и гӀала.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios