ТӀаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хӀума элира». Цара Набути гӀалара ара а ваьккхина, цунна тӀе тӀулгаш а кхиссина, иза вийра.
Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тӀехь ца Ӏийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хӀунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву.
И дуьхьал берш, цкъа вайн гуламна юкъахь а хилла, хӀинца вайна юкъара дӀабевлла. Бакъдерг аьлча, уьш цкъа а бацара вайна юкъабогӀуш. Нагахь уьш билггал вайна юкъара хиллехьара, уьш вайца буьсур бара. Амма уьш вайна юкъара дӀабовларо гойту, царах цхьа а билггал вайна юкъавогӀуш ца хилар.