Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 12:7 - Делан Йозанаш

7 Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хӀуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 12:7
25 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха Везачу Элана хьалха чӀогӀа хазахетарца юуш, молуш дара халкъ. Цул тӀаьхьа Дауд-паччахьан кӀант Сулим шозлагӀа а паччахь хӀотторна къобалвира. Иштта, Везачу Элана хьалха Сулим къобалвира паччахьалла дарна, ткъа ЦӀадукъа динан да хилийта къобалвира.


Цул тӀаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхӀус а, динан да а, Ӏелам стаг а волчу Ӏезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дӀакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладугӀучу хенахь адам доьлхуш дара.


Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хӀумма а доцийла.


Кхечу дешнашца аьлча, хӀора адамна яа а, мала а, ша бечу балхах там хила а беза. Уьш Делера совгӀаташ ду.


Нагахь Дала стагана бахам а, хьал а делча, цу стага царах дезар а эцахь, Дала шена елла ял схьа а эцахь, шен балхах цунна там а хилахь, тӀаккха иза Делера совгӀат санна ду цунна.


Везачу Элана дӀакъастийна хир бу цо лелош болу мах а, беш болу пайда а. ДӀа а къевлина, Ӏалашдеш хир дац гулдинарг, хӀунда аьлча Везачу Элана уллохь Ӏаш болчу нахана кхочур ду иза, цаьрга дуззалц хӀума яийтархьама а, дика бедар тӀейохийтархьама а.


Кемсаш кхиочара юур ю уьш, Везачу Элана хастам бийр бу цара. Кемсаш лахьочара мер ду чагӀар Сан дезачу цӀийнан керташкахь».


Ткъа элах лаьцна аьлча, цо, ша эла хиларе терра, цу кевнна хьалха охьа а хууш, Цунна хьалха бепиг дуур ду. Иза цу кевнан ученна чухула чу а вогӀур ву, цигахула ара а вер ву».


Вайн бӀаьргашна хьалхара дӀа ца баьккхинера кхача? Вайн Делан цӀийнера дӀа ца даьккхина сакъерадалар а, хазахетар а?


Шаьш Ӏаббалц а юуш, дуьзна хир ду шу. Шайн Везачу Делан цӀарна хастамаш бийр бу аша, шайна тӀехь Цо инзаре гӀуллакхаш дина дела. Сан халкъ кхин цкъа а юьхьӀаьржачу хӀуттур дац.


Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гӀаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхӀ дийнахь самукъадаккха.


Аша-м кхин а хӀара а до: Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе бӀаьрхиш Ӏенадойту аша. Шу делха а доьлху, узарш а до, хӀунда аьлча, Веза Эла кхин дӀа ца хьожу аша деанчуьнга, Цо шун карара сагӀанаш резахиларца тӀе ца оьцу.


ХӀора дийнахь цхьаьна Делан цӀийнан кертахь бара уьш. ЦӀеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура,


Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кӀентий а, шун йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, иштта шайн гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац).


Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кӀенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш.


Аша цигахь, оха кхузахь хӀинца ма-дарра, дан ца деза и дерриге а. ХӀинццалц шух хӀораммо а шена-шена нийса хетачу кепара сагӀанаш дохура.


Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Ӏайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагӀаран, шайн зайтдаьттан уьтталгӀа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагӀийн дуьххьарлера Ӏахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏамархьама.


Ткъа оцу детих шайн дагна мел дезнарг схьаэца: стерчий, уьстагӀий, чагӀар, кхидолу маларш, шайна мел луург. ТӀаккха цигахь, шун Везачу Далла уллохь, и хӀуманаш яа, иштта сакъералуш а хила.


Шайн Везачу Далла хьалха хӀора шарахь аша а, шун доьзало а даалаш и дийнаташ Везачу Эло Шена хоржур йолчу меттехь.


ТӀаккха шун Везачу Дала шуна а, шун цӀенна а деллачу рицкъах даккхийде – шу а, левихой а, шуна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а.


Цигахь шайн Везачу Далла хьалха бертан сагӀанаш а дахий, уьш дууш, даккхийдеш лела.


Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Ӏамал ца ярна хир ду иза шуна.


Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде!


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios