Карлабаьккхинарг 12:5 - Делан Йозанаш5 Ткъа Шен цӀе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тӀе а дерза, цига а дуьйла. Ver Capítulo |
Сулим-паччахьан кӀант РахьбуӀам яхӀудхойн паччахь вара. РахьбуӀам паччахь хилла дӀахӀуттуш цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло, Шен цӀе язъяйтархьама, Исраил-мехкан гӀаланашна юкъара схьахаьржинчу Ярушалайм-гӀалахь вуьрхӀитта шарахь паччахьалла дира цо. РахьбуӀаман ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра.
Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцӀдукъан кӀанта ЮшаӀа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кӀанта Зурбабела а Исраилан Далла сагӀа доккху кхерч бира, цунна тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тӀехь тӀе-ма-диллара бина дӀахӀоттийра.
ТӀаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Ӏайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагӀанаш а, шайн кхидолу сагӀанаш а, шайна йолучу санан уьтталгӀа дакъош а, шайн совгӀаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваӀда а деш, шаьш йинчу чӀагӀонца къастийна мел дерг а.