Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 12:4 - Делан Йозанаш

4 Оцу халкъаша харцделанашна Ӏибадат даре терра шайн Везачу Далла Ӏибадат ма делаш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 12:4
8 Referencias Cruzadas  

Хино лестош болу эрз санна хилла, дӀахӀоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таӀзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тӀера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дӀасадаржор ду иза.


Ас шу долчуьра дӀаэккхочу къаьмнийн гӀиллакхаш тӀе ма эца. Цу наха и массо а боьха гӀуллакхаш леладора, цундела Суна чӀогӀа ца бийзира уьш.


Церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дагаде, церан цӀу-деланаш дӀахедабелаш, оцу харцделанийн цӀераш а дӀаяхалаш оцу меттера.


Ткъа Шен цӀе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тӀе а дерза, цига а дуьйла.


Иза делаш, шайн деланашна цара лелош долу дегаза гӀуллакхаш дан шайна цаьрга Ӏама а дойтуш, шайн Везачу Далла дуьхьал къа ца латорхьама.


Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу ГалӀад-махка баьхкина, цара элира:


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios