Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 12:3 - Делан Йозанаш

3 Церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дагаде, церан цӀу-деланаш дӀахедабелаш, оцу харцделанийн цӀераш а дӀаяхалаш оцу меттера.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 12:3
25 Referencias Cruzadas  

Хино лестош болу эрз санна хилла, дӀахӀоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таӀзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тӀера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дӀасадаржор ду иза.


Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Асас, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И цӀу, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо.


ТӀаккха махкарчу дерриг а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха. Цул тӀаьхьа динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа Везачу Элан цӀенна ха дан нах дӀахӀиттийра.


СагӀа доккху гунаш дӀадехира цо, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьийшира, Ашера цӀе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цӀестан лаьхьа Хьузакх-ЯхӀус кагбира, хӀунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цӀе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора.


Юши-ЯхӀу-паччахьо дохадайтира харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, дӀадахийтира Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а. Ткъа и меттигаш беллачийн даьӀахкех юьзира.


Аса-паччахьо шен Везачу Далла дика а, нийса а хеташ долу гӀуллакхаш дора.


Хийрачу деланашна сагӀа доккху меттигаш а, царна Ӏибадат дан билгалдаьхна гунаш а дӀадехира Асас. Иштта харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а дохийра цо, Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хедийра.


Делахь а, хьох диканиг доллуш а карийна Цунна, хӀунда аьлча, ЯхӀуд-махкара Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀа а даьхна, хьайн дог Дела лахарна тӀедерзийна ахьа».


И дерриге а чекхдаьллачул тӀаьхьа цигахь хилла болу массо а исраилхой яхӀудхойн гӀаланашка бахара. Цигахь харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш кегдира цара. Иштта Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хедийра, тӀехь сагӀа доккху гунаш а, меттигаш а йохийра берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Эпрайман а, Маннашан а мехкаш чекхбовллалц йолчу меттигашкахь. Цул тӀаьхьа берриге а исраилхой шайн гӀаланашка, шайн хӀусамашка юхабирзира.


Паччахьалла деш долу борхӀалгӀа шо долуш, ша къона стаг воллушехь, шен ден дайх хиллачу Даудан Дела леха волавелира Юши-ЯхӀу. Ткъа ша паччахьалла деш долу шийтта шо кхаьчча, ЯхӀуд-мохк а, Ярушалайм а цӀанйира цо цигахь хиллачу халкъо Ӏибадат деш схьакъастийначу гунех а, цу гӀуллакхна билгалдаьхначу диттех а, куц далош, боьттина бинчу цӀуйх а.


Хьан багара долучу дешнашна тӀаьхьа а хӀуьттуш, ларлуш лела со. Ткъа адамаша лелочу гӀуллакхашна а, церан зуламечу некъашна а со тӀаьхьа ца хӀуьтту.


Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Ӏибадат ма де, ур-атталла церан цӀераш а ма яха».


Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Ӏамал а ма е, цу нахах дӀа а ма тарло. Мелхо а, церан цӀуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хӀиттийна тӀулгаш кегде.


Церан сагӀа доккху меттигаш а, Ӏибадат дан хӀиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бӀогӀамаш хадабай, дӀабаха.


Якъубан тӀаьхьенан къа иштта дӀадоккхур ду, цуьнан харцонаш дӀаяхархьама иштта мах дӀабала безаш бу: сагӀа доккху меттигашкахь лелош долчу тӀулгех халкъо жагӀанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахедийна Ӏохкур ду, ткъа цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчаш, дохийна, дӀадохур ду.


Церан берашна массо а ханна дагаоьху шаьш кечйина йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина болу шайн дечиган бӀогӀамаш а. Ма „хаза“ дӀахӀиттийна бу уьш баьццарчу дитташна уллохь а, лекхачу гунаш тӀехь а,


БаӀалийн цӀераш цуьнан багара дӀайохур ю Аса, церан цӀераш кхин йохур яц цо.


Ас хьо дехачуьра Ашера-далла лерина долу дечиган хьан бӀогӀамаш дӀадохур ду, ткъа хьан гӀаланаш йохор ю.


И де тӀекхаьчча, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас дӀайойур ю кху лаьтта тӀера цӀуйн цӀераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тӀера дӀабохур бу харцпайхамарш а, цӀушна Ӏамал ян лаар а дӀадоккхур ду.


цу махкахь бехаш болу берриге а бахархой а дӀалахка. Массо а церан тӀулгех хедийна цӀуш а, боьттина бина цӀуш а, сагӀа доккху гунаш а дохаделаш.


Оцу халкъаша харцделанашна Ӏибадат даре терра шайн Везачу Далла Ӏибадат ма делаш.


Церан цӀу-деланаш цӀергахь багабелаш. Царна тӀехь долу деши я дети схьаэцар шайн дегнаш чу ма дожийталаш, шайна царах речӀанаш ца хилийтархьама, хӀунда аьлча иза шун Везачу Далла дегаза хета.


Амма аша царна хӀара делаш: церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дӀахедаделаш, церан цӀуш багабелаш.


ХӀордан гӀамар тӀехь хӀоьттина Ӏара и саьрмик. Суна хӀорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра. МаӀаш тӀехь итт таж дара. Цуьнан кортош тӀехь Дела сийсазвеш йолу цӀераш яра.


Ткъа шун а, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу нахаца барт а хилла, Ӏан йиш яц. Аша церан сагӀа доккхуш йолу меттигаш хӀаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгӀира. ХӀунда дина аша иза?


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios