Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 12:25 - Делан Йозанаш

25 Ма даалаш иза, шайна а, шайн берашна а шул тӀаьхьа а даим дика хилийтархьама, хӀунда аьлча оцу тайпана шайн Везачу Делан бӀаьргашна хьалха нийса дерг деш ду аша.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 12:25
16 Referencias Cruzadas  

Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тӀаьхьа а хӀоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тӀаккха Со хир ву хьоьца. Ас чӀагӀдийр ду хьан цӀа. Хьан цӀийнах паччахьийн цӀа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дӀалур ду.


Хастам хуьлийла Везачу Элан цӀарна таханлерчу дийнахь дуьйна массо а ханна.


Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогӀахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тӀедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тӀе яхкийтинчу цамгарех шуна тӀе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хӀунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча».


Дала Ша реза волчунна хьекъалалла а, хаарш а, ирс а ло. Ткъа къинош леточаьрга Цо, къа а хьоьгуьйтуш, хьал гулдойту, и гулдинарг Ша реза волчунна дӀадалийтархьама. Иза а ду-кх кхетам тӀе ца кхуьу хӀума, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.


Къинош летош волчо бӀозза къа латадешшехь, иза дуккха а ваха тарло. Амма суна хаьа, Делах кхоьручунна дика хир дуйла, иза Цунна хьалха вегош лела дела.


Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хӀунда аьлча ша динчу дикачу гӀуллакхех пайда оьцур бу цо.


Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша жижиг цӀийца цхьаьна доу, шу шайн цӀушка сатийсамца хьоьжу, аша адамаш хӀаллакдо. ХӀара латта шун долахь муха хир ду?


Ма даалаш иза, хи санна, дӀаӀанаделаш иза лаьтта тӀе.


Хьажал, леррина кхочушде аса шуна тӀедуьллуш долу хӀара дерриге а дешнаш. Аша иза дахь, шуна а, шул тӀаьхьа долчу берашна а дика хир ду, хӀунда аьлча цу тайпана, шайн Везачу Делан бӀаьргашкахь дика а, нийса а дерг деш лелаш хир ду шу».


Иштта хир ду, нагахь санна, ас хӀинца деш долу Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Цуьнан бӀаьргашкахь нийса дерг а деш, шайн Везачу Деле аша ладогӀахь».


Иштта дӀадаккха бехк боцучун цӀий шайна тӀера, шайн Везачу Далла хьалха дика дерг а, нийса дерг а шаьш дина дела».


Ларделаш тахана ас шуна тӀедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тӀаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тӀехь шу дуккха а дахкийтархьама а».


Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а.


Шун Везачу Дала шайна тӀедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тӀехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а».


Шайн Везачу Далла хьалха нийса а, дика а дерг делаш шайна диканна хилийтархьама а, Везачу Эло, шайн дайшна чӀагӀо а еш, шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе а девлла, иза дола даккхархьама а,


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios