Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 12:2 - Делан Йозанаш

2 Аша дӀалохкуш долчу халкъаша шайн деланашна Ӏамал еш йолу ерриге а меттигаш – лекхачу лаьмнаш тӀера, баьрзнаш тӀера, муьлххачу а дӀасадаьржина гаьннаш долчу диттана кӀелара – йохаяй дӀаяха.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 12:2
22 Referencias Cruzadas  

Цара шайна сагӀа доккху гунаш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а дӀахӀиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу дитта кӀелахь а.


Везачу Элан цӀе язъян лерина долу цӀа цкъа хӀинца а дина дӀахӀоттоза дара, цундела халкъо цкъачунна гунаш тӀехь доккхура сагӀа.


ТӀаккха махкарчу дерриг а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха. Цул тӀаьхьа динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа Везачу Элан цӀенна ха дан нах дӀахӀиттийра.


Гунаш тӀехь а, баьрзнаш тӀехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора Ахьаза.


Ярушалайм-гӀалина малхбалехь болу а, ХӀаллакдаран ломана къилбехь болу а сагӀа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхӀу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дӀахӀиттийнера цӀаданхоша Ӏамал еш йолчу дегазчу Ӏаштарт-цӀунна а, муабахоша Ӏамал еш волчу боьхачу Камош-цӀунна а, Ӏамминхоша Ӏамал еш волчу дегазчу МилкӀом-цӀунна а лерина.


Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Ӏамал а ма е, цу нахах дӀа а ма тарло. Мелхо а, церан цӀуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хӀиттийна тӀулгаш кегде.


Я аша олу те: ‹Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо›? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‹Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де›.


Церан берашна массо а ханна дагаоьху шаьш кечйина йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина болу шайн дечиган бӀогӀамаш а. Ма „хаза“ дӀахӀиттийна бу уьш баьццарчу дитташна уллохь а, лекхачу гунаш тӀехь а,


«Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтӀахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тӀехь а, хӀора луьста гаьннаш долчу диттана кӀелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Ӏибадат дора ахь.


Амма хьо хьайгара баьллачу бехкана къера хила деза, Исраилан халкъ, хӀунда аьлча хьо хьайн Везачу Далла дуьхьал долура, хӀора луьстачу диттана бухахь кхечу къаьмнийн цӀушна суждане оьхура, ткъа Аса аьллачуьнга ахьа ла ца дугӀура“». Иштта боху Везачу Эло.


Ерзинчу лакхенашка хьала а хьажий, схьаалахьа, Исраилан халкъ, хьо хьарам мичахь ца лелла? Хьайн безаргашка хьоьжуш, некъан йистехь Ӏийна хьо, Ӏаьрбихо яьссачу аренгахь некъахошна тӀелата дагахь ма-Ӏарра. ХӀара латта бехдина ахьа хьайн хьарам леларца а, мекарлонца а.


Юши-ЯхӀу паччахь волчу хенахь Веза Эла соьга вистхилира. Цо соьга элира: «Ярми-ЯхӀу, хьуна гирий „Тешнабехк“ олуш долчу Исраилан халкъо лелийнарг? Цуьнан тешаме цахилар хьуна гирий? Иза суна хьарам хилла хӀора лекхачу гуна тӀехь а, хӀора луьста гаьннаш долчу дитта кӀелахь а.


Лаьмнийн баххьашкахь сагӀанаш доху цара, баьрзнаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума а ягош, ножан а, акхтарган а, попан а дитташна кӀел, оцу диттийн хаза ӀиндагӀ хуьлу дела. И бахьана долуш шун йоӀарша а кхахьпалла леладо, ткъа шун несарий а нахаца лела.


ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна Балакх, шеца БалиӀам а вуьгуш, Бамот-БаӀал олучу гу тӀе вахара. Цу меттера дӀахьаьжча, Исраилан халкъан цхьадолу дакъа гора царна.


Амма аша царна хӀара делаш: церан сагӀа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хӀиттийна церан тӀулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бӀогӀамаш дӀахедаделаш, церан цӀуш багабелаш.


Ткъа шун а, кху лаьтта тӀехь Ӏаш болчу нахаца барт а хилла, Ӏан йиш яц. Аша церан сагӀа доккхуш йолу меттигаш хӀаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгӀира. ХӀунда дина аша иза?


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios