19 Варелаш, шайн лаьтта тӀехь шу мел деха, левихой дӀа ма татталаш.
Суна иштта хиира, левихошна дӀадала дезаш долу дакъош дӀалуш ца хиллийла а. Цундела Далла Ӏамал ечу хенахь гӀуллакх дан дезаш болу левихой а, илланчаш а шайн-шайн кхашка юхабирзинера.
Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кӀентий а, шун йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, иштта шайн гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац).