Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 12:18 - Делан Йозанаш

18 Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кӀенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 12:18
19 Referencias Cruzadas  

Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хӀуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила.


Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Ӏайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагӀаран, шайн зайтдаьттан уьтталгӀа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагӀийн дуьххьарлера Ӏахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏамархьама.


Ткъа Шен цӀе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тӀе а дерза, цига а дуьйла.


Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хӀара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар,


Иштта шаьш юуш я молуш делахь а, я кхидолу муьлхха а гӀуллакх деш делахь а, Делан сийлаллин дуьхьа де.


Юха уьш шен цӀа а бигна, царна шун хӀоттийра цо. Набахтин хьаькам шен цӀерачаьрца хазахеташ вара, хӀунда аьлча иза Делах тешнера.


ХӀора дийнахь цхьаьна Делан цӀийнан кертахь бара уьш. ЦӀеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура,


КӀелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца».


Цуьнан некъаш ирсе некъаш ду, ткъа цуьнан массо а тачанаш машаре ду.


КӀоргачу уьшал чохь висна со, тӀе ког хӀотто меттиг а яц суна. Хийн кӀоргене чуваьлла со, цуьнан чехка дахаро дӀавуьгу со.


Ткъа Везачу Элан Ӏалашо абаделлалц лаьтта, Цуьнан дагахь дерг тӀаьхьенера тӀаьхьене кхочу.


Шайн Везачу Далла хьалха хӀора шарахь аша а, шун доьзало а даалаш и дийнаташ Везачу Эло Шена хоржур йолчу меттехь.


Варелаш, шайн лаьтта тӀехь шу мел деха, левихой дӀа ма татталаш.


Ша, сагӀа а даккхийтина, цӀа веача, Элкхана шен зудчунна Паннанина а, цо бинчу доьзална а цу сагӀин дакъа луш хилла.


Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хӀумма а доцийла.


Нагахь Дала стагана бахам а, хьал а делча, цу стага царах дезар а эцахь, Дала шена елла ял схьа а эцахь, шен балхах цунна там а хилахь, тӀаккха иза Делера совгӀат санна ду цунна.


Мелхо а, Везачу Эло шун тайпанийн латтанашна юкъара схьакъастийначу меттехь бен дийнаташ дагоран сагӀанаш бен ма дахалаш, ткъа ас шуна тӀе мел диллинарг цигахь бен кхочуш ма делаш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios