16 Амма, варелаш, дийнатийн цӀийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тӀе дӀаӀанаделаш иза.
Амма цхьа хӀума тӀедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цӀий дӀадалаза долу жижиг ма даалаш.
Ӏанийна цӀий цунна чохь ма ду. Иза тархана тӀехь дитина цо, лаьтта тӀе охьа а ца Ӏанош, цу тӀе чан ца йиллийта.
Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша жижиг цӀийца цхьаьна доу, шу шайн цӀушка сатийсамца хьоьжу, аша адамаш хӀаллакдо. ХӀара латта шун долахь муха хир ду?
Шеца цӀий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе.
Иза гуттаренна а шун тӀаьхьенашна тӀедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цӀий а ма даалаш».
Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цӀуша бехйина хӀума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цӀийх а ларло аьлла а.
ЦӀушна сагӀина еана хӀума ца яар, цӀийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гӀуллакх дийр ду. Марша Ӏойла шу!»
Амма шайн гӀаланашкахь даалаш цуьнан жижиг. Иза Далла гергахь цӀена волчо а, цӀена воцучо а даа мегар ду, масаран я сен жижиг санна.
Амма цуьнан цӀий ма даалаш. Иза, хи санна, лаьтта тӀе дӀаӀанаделаш».
Дала кхоьллинарг дерриг а дика ду. Цхьа а хӀума вон дац, Далла хастамаш а беш, иза тӀеоьцуш делахь,
ЧӀогӀа мацбелла болу уьш, шайна карабеанчу уьстагӀашна, стерчашна, эсашна тӀебетталуш, царна арсаш а хьоькхуш, уьш цӀийца цхьаьна дууш бара.
Шауле хаам бира: «Халкъ Везачу Элана хьалха къа латош ду, цӀийца цхьаьна хӀума юуш». Шаула цаьрга элира: «Аша шайх къа латийна. Схьатакхабе со волчу боккха тӀулг».