Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 12:13 - Делан Йозанаш

13 Ларлолаш, шайна гинчу муьлххачу а меттехь шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарх.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 12:13
11 Referencias Cruzadas  

БаӀша-паччахьо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш дора. Шен дас ЯрбаӀама лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора.


Везачу Элан цӀе язъян лерина долу цӀа цкъа хӀинца а дина дӀахӀоттоза дара, цундела халкъо цкъачунна гунаш тӀехь доккхура сагӀа.


Исраил-махкахь сагӀа доккху гунаш цо дӀа ца даьхнехь а, ша дийна мел волчу хенахь Везачу Элана доггах тешаме вара Аса.


ТӀаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Ӏайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагӀанаш а, шайн кхидолу сагӀанаш а, шайна йолучу санан уьтталгӀа дакъош а, шайн совгӀаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваӀда а деш, шаьш йинчу чӀагӀонца къастийна мел дерг а.


Мелхо а, Везачу Эло шун тайпанийн латтанашна юкъара схьакъастийначу меттехь бен дийнаташ дагоран сагӀанаш бен ма дахалаш, ткъа ас шуна тӀе мел диллинарг цигахь бен кхочуш ма делаш.


Ткъа Шен цӀе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тӀе а дерза, цига а дуьйла.


Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгӀа дакъа а, шайн совгӀаташ а, шаьш йинчу чӀагӀонца а, шайн лаамца а луш долу сагӀанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагӀех схьадевлла долу дуьххьарлера Ӏахарий а даладе цу метте.


Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу ГалӀад-махка баьхкина, цара элира:


ТӀе ма догӀийла, Везачу Элана дуьхьал а девлла, Цунах дӀа а къаьстина, дийнаташ дагоран а, баьпкан а, кхин а сагӀанаш даха кхерч бар, вайн Везачу Далла лерина болу, Цуьнан дезачу четарна хьалха боцург».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios