Карлабаьккхинарг 12:12 - Делан Йозанаш12 Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кӀентий а, шун йоӀарий а, шун леш а, гӀарбашаш а, иштта шайн гӀаланашкахь Ӏаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац). Ver Capítulo |
Цул тӀаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхӀус а, динан да а, Ӏелам стаг а волчу Ӏезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дӀакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладугӀучу хенахь адам доьлхуш дара.