Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 12:11 - Делан Йозанаш

11 ТӀаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Ӏайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагӀанаш а, шайн кхидолу сагӀанаш а, шайна йолучу санан уьтталгӀа дакъош а, шайн совгӀаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваӀда а деш, шаьш йинчу чӀагӀонца къастийна мел дерг а.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 12:11
41 Referencias Cruzadas  

Нагахь халкъо, Ярушалайме а оьхуш, Везачу Элан цӀийнан кертахь сагӀа даккха доладахь, адамийн дегнаш юха а яхӀудхойн паччахь волчу РахьбуӀамна тӀедоьрзур ду. ТӀаккха цара со вуьйр ву».


Амма аса Хьуна исбаьхьа цӀа дӀахӀоттийна, Хьо цу чохь абаденналц вахийта».


„Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гӀала ца къастийра Аса, Сан цӀе язъян лерина цӀа хилийтархьама. Амма хӀинца Дауд-паччахь хаьржина Ас Сайн Исраилан халкъана тӀехь олалла дайта!“


Аьлла-кх Ахьа: „Сан цӀе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бӀаьргаш хӀокху цӀенна тӀе дийнахь а, буса а! ЛадугӀийла Ахьа Хьан лай волчун доӀане, иза, хӀокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь.


Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де’.


ТӀаккха Дауда элира: «Кхузахь хир ду Везачу Делан цӀа, Исраилан халкъо дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а хир бу кхузахь».


Ахьа Хьайн цӀе кху чохь хир ю аьллачу хӀокху цӀенна тӀе боьгӀна хуьлийла Хьан бӀаьргаш дийнахь а, буса а! ЛадугӀийла Ахьа Хьан лай волчун доӀане, иза, хӀокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь.


ТӀаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хӀоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доӀа хезира. ХӀинца Аса Сайна къастайо хӀара меттиг, хӀокхунах сагӀа доккху цӀа хилийтархьама.


Ярушалайм Шен цӀе язъян хаьржинчу Дала таӀзар дойла хӀара аса аьлларг хуьйцур долуш волчу я Ярушалаймехь долу Делан цӀа дохо шен куьг дӀакховдийначу муьлхха а паччахьна а, халкъана а. Аса, Дари-Вашас, хӀара омра дина. Аса аьлла ма-хиллара, хӀара кхочушдойла».


Аса тидам бийр бу цӀеначу новкъахь со лелаш хиларан. Хьо маца вогӀур ву те суна тӀе? ЦӀеначу дагца со лелар ву сайн цӀа чохь.


Нахе Суна цӀа дайта, тӀаккха Со царна юкъахь Ӏийр ву.


Исраилхошна юкъахь Ӏийр ву Со, церан Дела а хир ву Со.


Дуьххьара Сан Ӏаш йолу меттиг дӀахӀоттийна йолчу Шилун-гӀала а гӀой, хьовса, Аса цу меттигна хӀун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш.


уьш Везачу Элан четарна хьалха, Везачу Элана лерина сагӀа даккхархьама, схьа ца дахьахь, цу стагана тӀехь цӀий хир ду. Цо цӀий Ӏанийна, цундела иза шен халкъана юкъара эккхор ву.


Ларлолаш, шайна гинчу муьлххачу а меттехь шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарх.


Мелхо а, Везачу Эло шун тайпанийн латтанашна юкъара схьакъастийначу меттехь бен дийнаташ дагоран сагӀанаш бен ма дахалаш, ткъа ас шуна тӀе мел диллинарг цигахь бен кхочуш ма делаш.


Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кӀенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гӀарбашаша а, шун гӀаланашкахь Ӏаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш.


Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цӀе яккхийта схьакъастийна йолу меттиг шуна уллора дукха гена елахь, шайна шун Везачу Дала деллачу шайн бежанна я уьстагӀна урс хьакха мегар ду, ас тӀе-ма-диллара, шу мел дехаш йолчу гӀаланашкахь шайн лаамца иза даа а мегар ду.


Деккъа шайн хир долу деза хӀума а, шаьш йинчу чӀагӀонца дерг а дахьаш схьадуьйла шайн Везачу Дала схьакъастор йолчу меттиге.


Ткъа Шен цӀе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тӀе а дерза, цига а дуьйла.


Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Ӏайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагӀаран, шайн зайтдаьттан уьтталгӀа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагӀийн дуьххьарлера Ӏахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏамархьама.


«Шайн бежанех а, уьстагӀех а дуьххьара дуьнен чу яьлла йолу боьрша хӀума шайн Везачу Далла дӀакъастае. Дуьххьарлерчу эсана тӀехь болх ма белахь, дуьххьарлера Ӏахар ма ларгалахь.


Шайн Везачу Далла хьалха хӀора шарахь аша а, шун доьзало а даалаш и дийнаташ Везачу Эло Шена хоржур йолчу меттехь.


Нагахь санна цхьа къовсаме долу гӀуллакх цхьалхадаккха шайна хала делахь, – и гӀуллакх цӀий Ӏанорах лаьцна, девнах лаьцна, я чов ярх лаьцна делахь, – шун гӀаланашкара нах берриш а цхьатерра реза бацахь, хьала а гӀовттий, шайн Везачу Дала къастор йолчу оцу метте дӀагӀо.


Муьлхха а левихо, ша Ӏийначу гӀали чуьра Исраилан мехкан мичча а меттера дӀа а вахана, Везачу Эло къастийначу метте шен деган лаамца ван йиш йолуш ву.


Шайн гӀаланашкахь цо схьахаьржинчу, цунна хазделлачу цӀа чохь шайна юкъахь вахийта иза. Цунна гӀело ма е.


шун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тӀера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Ӏайтархьама къастор йолчу метте дӀагӀо.


берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дӀахӀитта баьхкича, хӀара товрат-хьехам массо а исраилхошна дӀахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дӀабешалаш.


Латта схьадаьккхинчул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дӀахӀоттийра цара цигахь.


Исраилхошна хезира, наха дуьйцуш: «Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан тайпанан эха декъо а КанаӀан-махкахь, Йорданна уллохь, сагӀа доккху кхерч бина, исраилхошна дуьххьал».


«Везачу Элан дерриге а халкъо а хоьтту: „Исраилхойн Далла хьалха хӀун зулам ду аша динарг, Везачу Элана тӀера дӀа а дирзина, шайна сагӀа доккху кхерч а бина, Везачу Элан дуьхьал а девлла?


Нагахь оха сагӀа доккху кхерч Везачу Элах дӀакъастархьама бинехь, я цу тӀехь дийнаташ дагоран а, баьпкан а, бертан а сагӀанаш даха бинехь, Везачу Эло Ша таӀзар дойла тхуна!


Дийнаташ дагоран а, кхин долу а сагӀанаш дохуш а, совгӀаташ луш а Везачу Элана гӀуллакх деш тхо хиларан тхуна а, шуна а, вайн тӀаьхьенашна а иза теш хилийта, тӀейогӀучу хенахь шун кӀенташка тхайчаьрга ца алийта: „Везачу Элехь шун дакъа дац“.


ТӀе ма догӀийла, Везачу Элана дуьхьал а девлла, Цунах дӀа а къаьстина, дийнаташ дагоран а, баьпкан а, кхин а сагӀанаш даха кхерч бар, вайн Везачу Далла лерина болу, Цуьнан дезачу четарна хьалха боцург».


Цу дийнахь ЮшаӀа царна тӀедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагӀа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара.


Шен доьзалца хӀора шарахь ша ма-ваххара, Шилуне Везачу Элана сагӀа даккхийта а, ша дина долу нигат кхочушдан а вахара Элкхан.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios