Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 11:8 - Делан Йозанаш

8 «Шу Йордан-хина дехьадевлча, тахана ас шайна тӀедуьллуш долу Делан дерриг а весеташ ларделаш, цигара долу латта, чу а гӀоьртина, шайн дола даккхал ницкъ шайн хилийтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 11:8
19 Referencias Cruzadas  

Со новкъахула вогӀуш велахь а, я вижина Ӏуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна. Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна.


Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама.


Амма Везачу Эле хьоьжуш болчара шайн ницкъ карлабоккху. Аьрзунан тӀемаш шайн хилча санна, уьш лакхахь оьхуш хир бу. Бевдча а, уьш хӀуттур бац, новкъа дӀабахача а, уьш кӀадлур бац.


Цо элира: «Ма кхерало, Далла везаш волу стаг! Машар хуьлда хьоьца. Доьналла долуш хила! ЧӀагӀло!» Иза соьга вистхуьлучу хенахь со кхин а чӀагӀвелира. ТӀаккха ас дийхира: «Со чӀагӀвина ахь, дийцахьа хӀинца, эла».


Ас доӀа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чӀагӀбар доьхуш.


Ткъа тӀаьххьара а бохург хӀара ду: чӀагӀло Везачу Элаца а, Цуьнан боккхачу ницкъаца а.


Везачу Эло мел дина долу сийлахь гӀуллакхаш гинарш шун бӀаьргаш бара».


Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Ӏамал ца ярна хир ду иза шуна.


Везачу Эло, Нунин кӀант ЮшаӀ куьйгалхо санна къобал а веш, цуьнга иштта элира: «ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а латта, хӀунда аьлча Ас цаьрга чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе ахь буьгур бу уьш. Со хьоьца хир ву».


ХӀетахь тӀедиллира суна Везачу Эло шайн дола даккха шу тӀедовлучу лаьтта тӀехь шайга кхочушдайта деза парзаш а, тӀедехкинарш а шуна Ӏамор».


Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хӀума лан хаьа.


Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чӀагӀдина хуьлийла, массо а хӀума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios