Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 11:4 - Делан Йозанаш

4 Шун берашна ца гина Цо мисархойн эскарх, говрех, гӀудалкхех динарг. Уьш ерриш а Эрзийн хӀорда чохь дӀахьулйинера Цо, уьш шуна тӀаьхьабевллачу хенахь. Таханлерчу денна тӀекхаччалц Везачу Эло уьш хӀаллакбина латтийра.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 11:4
9 Referencias Cruzadas  

хӀунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера, Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера.


Шайн гӀудалкхашца пирӀунан говраш а, дошлой а хӀорда чу бевлча, Везачу Эло хӀордан хи царна тӀе дерзийнера, ткъа Исраилан халкъ хӀорда юккъехула лаьтта тӀехула дехьадаьллера.


ПирӀунан эскар а, гӀудалкхаш а хӀорда чу кхиссина Цо, тоьлла болу пирӀунан тӀеман хьаькамаш Эрзан хӀорда чу бахана.


Ткъа шу, дӀа а дерзий, Эрзийн-хӀордана тӀе боьдучу новкъахула яьссачу аренга дӀагӀо.


Шу хӀокху метте схьакхаччалц, Цо шуна яьссачу аренгахь динарг шун берашна ца гина.


«Юханехьа а дирзина, яьссачу аренга а девлла, Эрзийн хӀордехьа боьдучу новкъахула дӀадахара вай, Везачу Эло соьга схьа-ма-аллара. СеӀир-лаьмнашна го туьйсуш, дуккха а хан яьккхира вай.


Тешар хиларна, лаьтта тӀехула санна, ЦӀечу хӀорда чухула дехьабевлира уьш. Изза дан гӀоьртина мисархой хи буха бахара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios