25 Цхьа а латталур вац шуна дуьхьал: шун Везачу Дала, Ша чӀагӀо ма-ярра, аша ког мел баьккхина долчу муьлххачу а лаьттана кхерам тосур бу, уьш, кхоьруш, бегор бу.
Иштта, массо а мехкашкахула цӀе яхара Даудан. Массо а халкъаш цунах кхоьруш дӀахӀиттийна хилла Везачу Эло.
Сайх болу кхерам хьол хьалха дӀабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тӀедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагӀий, дӀа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас.
Аса тахана дуьйна шух болу кхерам а, къемат а дӀасадаржор ду стигална кӀел мел долчу халкъашна. Шух лаьцна дӀахезнарш кхералур а бу, Ӏадор а бу“».
Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цӀераш стигал кӀелара а дӀайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хӀаллакбина бовллалц.
Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дӀа а тосур вац Ас.
Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хӀара мохк шуна дӀабеллийла. Тхуна тӀе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду.
Йорданал дехьа, малхбузехьа, хӀорд болчу агӀор Ӏачу эмархойн паччахьашна а, хӀордана уллохь Ӏачу канаӀанхойн паччахьашна а хезира, исраилхой дехьабовлучу хенахь Везачу Эло Йордан-хи лакъийна аьлла. Паччахьаш чӀогӀа кхерабелира, исраилхошна дуьхьалбовла доьналла дацара церан.