23 Везачу Эло и дерриге а халкъаш шуна хьалхара дӀалохкур ду, тӀаккха шун халкъал дукха долчу а, ницкъ болчу а халкъийн латта шайн дола доккхур ду аша.
ХӀинца Ас хьайна тӀедуьллург Ӏалашде. Ас хьуна хьалхара лохкур бу эмархой, канаӀанхой, хьетахой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой.
Цо иза дина, шун чул дукха а, онда а долу халкъаш шуна хьалхара дӀалахкархьама а, шу церан лаьтта тӀе а довлийтина, иза шун дола даккхархьама а, хӀинца иза ма-дарра.
«ЛадогӀа, исраилхой: шу хӀинца Йордан-хина дехьадовла дохкуш ду, стигал хьалаккхаччал лекха чӀагӀонаш чохь йолу яккхий гӀаланаш йолу а, шун халкъал дукха долу а, ницкъ болу а халкъаш долу латта шайн дола даккхархьама.
Шун Делан лаамехь хилар я шун догцӀеналла бахьана доцуш, и латта шайн дола даккхархьама, доьлхуш ду шу. ХӀан-хӀан, оцу халкъийн Ӏесалла бахьана долуш, шун Везачу Дала уьш шуна хьалхара дӀалохкур ду, Ша шун дайшка, – ИбрахӀиме, Исхьакхе, Якъубе – ваӀда деш делла дош кхочушдархьама.
Везачу Эло шуна хьалхара сийлахь а, андий а къаьмнаш дӀалаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц шуна дуьхьало янъелла цхьа а вац.