Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 11:22 - Делан Йозанаш

22 Нагахь санна Ас шуьга кхочушдайта деш долу и дерриг а весеташ аша лардахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цуьнан массо а некъашца шу лелахь, Цуьнгахьа дирзина шу хилахь, –

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 11:22
13 Referencias Cruzadas  

Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду.


Цо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“.


ДӀа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Ӏийсах тешна нах иркарахӀиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш.


Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гӀуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш ма баалаш.


«Иштта, шайн Веза Дела везалаш. Ларделаш Цо шайна лардан тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а, весеташ а массо а деношкахь.


Тахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогӀахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гӀуллакх дахь, –


шайн Веза Дела везарца а, Цуьнан озе ладогӀарца а, Цунах дӀакхетарца а. Шу иштта лелахь, Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, лур ду аьлла чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шу а, шун тӀаьхье а ехха Ӏийр ю».


ЧӀогӀа ларделаш шайн Везачу Делан весеташ, цуьнан сацамаш а, парзаш а, шайна тӀедехкина долу.


Делан лаамехь со ваьхна дела, хӀинца суна кийча ду толамхочунна догӀу таж. Оцу тӀедогӀун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Ӏийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios