Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 11:2 - Делан Йозанаш

2 Дагадаийта шайна, со шун берашка вистхуьлуш воцийла. Царна хиъна а дац Везачу Дала шу нисдинийла, царна гина а дац Цуьнан возалла, Цуьнан онда куьг, Цуьнан схьакховдийна пхьарс,

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 11:2
14 Referencias Cruzadas  

Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кӀелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргӀат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таӀзарш а деш.


Хьуна ас тахана Ӏамор ду и хьекъале кицанаш, Везачу Элана тӀетевжаш хьо хилийтархьама.


Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таӀзар дара Цунна тӀехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта.


Амма Дала гӀо дира суна, таханалера де кхачале а. Цуьнан гӀоьнца лаьтташ ву со тахана кхузахь хьалдолчу а, къечу а нахе тоьшалла деш, кхин хӀумма а ца дуьйцуш, пайхамарша а, Мусас а хир ду аьлларг бен:


Шу массо а тахана шайн Везачу Далла хьалха лаьтташ ду, – шун тайпанийн хьаькамаш, шун къаной, шун тӀехьовсуш берш, берриге а исраилхойн божарий,


„Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тӀехь Ахь деш долу гӀуллакхаш а, тамашийна хӀуманаш а далуш?


Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хӀуманаш дарца а, тӀом барца а, ондачу куьйгаца а, дӀакховдийначу пхьаьрсаца а, чӀогӀачу къематашца а кхин муьлха дела маца гӀиртина те, кхечу къомах паргӀат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бӀаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш!


Аша иштта элира: „Вайн Везачу Дала Шен сийлалла а, возалла а схьагайтира вайна. Цуьнан аз цӀерана юккъера схьахезнера вайна. Тахана вайна гира Дела адаме вистхилахь а, и адам дийна диса мегаш хилар.


Дагадаийталаш шайн бӀаьргашца шуна гина болу Дала бахкийтина баккхий баланаш а, билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а, шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца, дӀакховдийначу пхьаьрсаца шу арадахар а. Изза дийр ду шун Везачу Дала шу кхоьруш долчу массо а халкъашна.


Нагахь санна шу, шайн Веза Дела виц а вина, кхечу деланашна тӀаьхьахӀиттахь, царна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, шу лелахь, ас тахана тоьшалла до, шу хӀаллакьхир ду аьлла.


ДоӀанна тӀехь ас Везачу Эле иштта элира: „Хьалдолу Эла, хӀаллак ма дехьа Хьайн халкъ, Хьайн долахь дерг, Ахь Хьайн сийлаллица паргӀат а даьккхина, Хьайн ондачу куьйгаца Мисар-махкара арадаьккхина долу.


Исраилан халкъо ЮшаӀ дийна волчу хенахь Везачу Элана Ӏамал йора. ЮшаӀ кхелхича, цул тӀаьхьа бисина, Везачу Эло исраилхошна дина дика гӀуллакхаш гина болу къаной болчу хенахь а йора цара Везачу Элана Ӏамал.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios