19 Шайн кӀенташна хьеха уьш, дийца царах лаьцна шайн цӀенош чохь хевшина Ӏаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дӀадуьйшуш а, хьалагӀовттуш а.
Дайша хьо Ӏамор ву, цара эр ду хьоьга, шайн дага тӀера дешнаш схьадохур ду:
Бовлу-кха суна дуьхьал харц болу тешаш. Барт хоьтту цара соьга хаъане а ца хуучух.
Уллора къаьмнаш тхох кхаьрда, гонах мел верг тхох воьлуш а, тхо сийсаздеш а ву.
Сан кӀант! Ас хьайга мел бохург дӀаэца, ас хьайна дина хьехарш хьайгахь латтаде.
Жима долчу хенахь Ӏамаде бер нийсачу новкъахула лела – иза, доккха хилча, цу некъа тӀера дӀадер дац.
Дийна волчо бен Хьо хастор вац, ас Хьо хӀинца хаста-ма-варра. Дайша шайн берашна дуьйцур ду Хьан тешаме хиларх лаьцна.
Ткъа аша, дай, шайн бераш оьгӀаз ма эхийта. Мелхо а, хьалакхиабе уьш, Везачу Элан лаамехь а болуш, царна хьехамаш а беш, уьш Ӏама а беш.
Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дӀахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тӀе дижийта. Шайн берашна тӀедилла, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар.
Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цӀенош чохь хевшина Ӏаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дӀадуьйшуш а, хьалагӀовттуш а.