Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 11:18 - Делан Йозанаш

18 Цундела хӀара сан дешнаш шайн дегнаш чу а, синош чу а дӀадахка, дӀаяздина долу и дешнаш шайн куьйгаш а, хьаьжнаш а тӀе дӀадехка, уьш дагадаийтархьама.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 11:18
15 Referencias Cruzadas  

Куьйга тӀе йихкина хӀума санна, хьетӀехь йолу билгало санна хуьлийла иза хьуна, Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца вай Мисарара арадахар дагахь латтийта».


Куьйга тӀе йихкина хӀума санна хуьлийла иза хьуна, хьетӀехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хӀунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина.


Сан кӀант! Сан хьехам биц ма бе, сан весеташ хьайн даг чохь а латтаде,


Безам а, тешаме хилар а хьох цкъа а дӀа ма доьрзийла. Хьайн логах уьш дӀа а хьарчаде, хьайн даг тӀехь уьш дӀа а язде.


Церан дегнаш чу цхьана новкъахь леларан лаам лур бу Аса царна: массо а деношкахь Суна хьалха ларамах буьзна баха луур ду царна. Иза церан диканна а, церан тӀаьхьенан диканна а хир ду.


Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тӀеяздина йолу церан хьаьжнаш тӀе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тӀера чечакхаш яхлуш ю.


Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дӀахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тӀе дижийта. Шайн берашна тӀедилла, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар.


Дала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала.


Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чӀогӀа тидам тӀебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама.


Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тӀехь шу чӀагӀдина делахь а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios