Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 11:16 - Делан Йозанаш

16 Варелаш, ларлолаш, шайн дегнаш Ӏеха ма далийталаш, Везачу Элах дӀа а дирзина, кхечу деланашна гӀуллакх а деш, Ӏибадат а деш дӀахӀиттарх.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 11:16
29 Referencias Cruzadas  

Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дӀа а къевлина, догӀа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доӀанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаӀийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тӀеберза тарло.


сан дог царах къайлаха Ӏеха а делла, уьш лара куьйгана барт ас баьккхинехь,


Овкъарна тӀаьхьаваьлла лела иза, Ӏехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргӀат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?»


«Варелаш, тӀехъюучу хӀумане, маларе, дахаран хьашташка шайн дегнаш дӀа ма лецийталаш, хӀунда аьлча оцу дийно дӀалоцур ду шу,


Гуттар а сема хила, доӀанаш де, мел хила безаш болчу баланех чекхдовла шайн ницкъ хилийтархьама, Адамийн КӀантана хьалха хӀитта кийча хилархьама».


Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу: „Со ву Иза“ я „Хан тӀекхочуш ю“, – бохуш. Царна тӀаьхьа ма хӀитталаш.


ларлолаш речӀанна чу нисдаларх. Уьш шайн хьалхара хӀаллакдина дӀадаьхча, царна тӀаьхьа шу ма довлалаш, церан деланаш леха ма долалолаш, ма бахалаш вовшашка: „ХӀокху халкъаша шайн деланашна гӀуллакх ма-дарра, оха а дийр ду“.


ахьа оцу пайхамаре я оцу гӀенаш гуш волчуьнга ла ма догӀалахь, хӀунда аьлча ишттачу хӀуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те.


нагахь санна цара, Ас тӀедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Ӏамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Ӏибадат а дахь,


Ас тахана бечу хьехамна тӀера ма довлалаш, аьтту я аьрру агӀор а хьаьвзина, кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал ярхьама».


Шуна гира дечигах а, тӀулгах а, детих а, деших а бина а болу церан дегаза цӀуш.


Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хӀинца чул тӀаьхьа шайн Везачу Делах дог дӀа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гӀуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хӀума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дӀаьвше а орам.


Нагахь санна, шун дог юха а даьлла, аша ла ца догӀахь, кхечу деланашна Ӏибадат дархьама а, царна гӀуллакх дархьама а шу дӀаозор ду кхечара,


Церан дайшка Айса чӀагӀо ма-ярра, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе буьгур бу Ас уьш. Юуш а, бузуш а бехар бу уьш, барста а берстина, кхечу деланашна тӀе а бирзина, царна гӀуллакх деш лелар бу уьш. Ткъа Сох дӀа а бирзина, Ас шайца бина барт бохор бу цара.


Варелаш, ларлолаш шайн Везачу Дала шайца бина барт бицбарх а, шайн Везачу Дала шайна тӀе-ма-диллара, Ӏамал ян цхьана хӀуманан вастехь цӀу-деланаш шаьш барх а.


Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бӀаьргашна гина гӀуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дӀа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дӀадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а.


Со воцург, кхин Дела ма хилийта шайн.


Нагахь санна шу, шайн Веза Дела виц а вина, кхечу деланашна тӀаьхьахӀиттахь, царна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, шу лелахь, ас тахана тоьшалла до, шу хӀаллакьхир ду аьлла.


Къаьсттина тидаме хила шайна юкъара цхьаъ Делан диканах дӀа ца къастийта, «къаьхьачу орамех дӀаьвше маргӀал хьала а даьлла, цуьнга дуккха а нахана зен ца дайта».


Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чӀогӀа тидам тӀебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама.


Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дӀа ца къастийтархьама.


Дала, Ша синтем лун болчу метте кхачор ду аьлла, йина чӀагӀо хӀинца а йолуш ю, цундела ларлойла вай шух цхьаъ тӀаьхьа ца висийта.


Нагахь цхьаммо, ша суьпа а хеташ, шен маттана дуьрста ца йоллахь, цо ша-шен Ӏехаво, цуьнан суьпа хилар а даьсса ду.


Сан хьоме бераш! ЦӀуйх ларделаш шаьш.


И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.


ШолгӀачу экхано вукху экханна хьалха Ӏаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Ӏехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тӀедуьллура, туьрах Ӏожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тӀедиллийтар.


Цул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.


Шамъала халкъе элира: «Ма кхера. И къа шу латийна девлла. Амма Везачу Элах дӀа ма херло, цӀеначу дагца Цунна гӀуллакх а де.


Кхин цкъа а хӀумма а йоцучу деланашна тӀе ма гӀерта. Церан шуна цхьа а тайпана дан гӀо дац, хӀунда аьлча уьш шаьш кӀад а йоцурш ю.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios