Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 11:15 - Делан Йозанаш

15 Ас шун аренашкахь шун бежанашна буц лур ю, тӀаккха юуш а, дузуш а дехар ду шу.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 11:15
12 Referencias Cruzadas  

Ахьаб-паччахьо Ӏабди-ЯхӀуга аьллера: «Вало, махкара массо шовда а, хи а долчу меттигашкахула чекхвала вайшиъ, жимма буц карор яцара те вайна, говраш а, вирбӀарзаш а дийна йисийтархьама, бежанех цхьа а ца дайархьама».


Дала цхьанна а пурба ца лора уьш бацабайта, церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:


Ур-атталла арахь болчу сено а, ша йина йолу кӀорни юьту, цунна яла буц йоцу дела.


Ма узарш до даьхнино! Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш! Яц царна дежийлаш. УьстагӀийн жаш а ду гӀайгӀане.


Везачу Эло, жоп а луш, Шен халкъе элира: «ХӀан, Ас лур ду шуна ялта а, чагӀар а, зайтдаьтта а. Царах дузуш Ӏийр ду шу. Ас кхин дӀалур дац шу къаьмнаш шух кхардийта.


Ма кхерийша, дийнаташ! Яьссачу аренийн дежийлаша бецаш кхиор ю. Дитташа шайн стоьмаш кхиор бу, инжиро а, таьлланго а шорто лур ю.


Шаьш Ӏаббалц а юуш, дуьзна хир ду шу. Шайн Везачу Делан цӀарна хастамаш бийр бу аша, шайна тӀехь Цо инзаре гӀуллакхаш дина дела. Сан халкъ кхин цкъа а юьхьӀаьржачу хӀуттур дац.


Кемсаш схьайоху хан тӀекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дӀаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргӀат Ӏийр ду шу.


Аша дуккха а дӀадоь, амма кӀеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тӀе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Ӏуьрг долчу кисана доьду“.


Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша дуьзна доцу, оьшуш мел долчух дуьзна долу цӀенош а, аша яьхна йоцу гӀунаш а, аша кхиийна йоцу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмаш а хир ю. Оцу лаьтта тӀехь Ӏаббал баа кхача шайна хилахь,


Ткъа шаьш йиина а девлла, дуьзча, Цо шуна делла долчу токхечу лаьттана шайн Везачу Далла хастам белаш».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios