14 Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догӀа лур ду, хьалххе догӀург а, тӀаьхьо догӀург а. ТӀаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагӀар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду.
Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тӀаьхьара а догӀа даре.
Ас шен хеннахь догӀанаш доуьйтур ду шуна, тӀаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу.
Ас декъалдийр ду уьш а, Сайн гуна гонах йолу аре а. Ас шен-шен хенахь догӀа а доуьйтур ду – иза декъалдаран догӀа хир ду.
Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тӀе догӀа даийта, шун куьйгаша динчу гӀуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хӀума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун.
Къаьмнийн цӀуйн догӀа даийта ницкъ ма ца кхочу. Ткъа стигалийн бац ницкъ Хьоьгара а доцуш догӀа даийта. И деш верг Хьо ма ву, тхан Веза Дела! Хьоьца ю тхан массо а дегайовхо, хӀунда аьлча Ахьа деш ду и дерриг а.
амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догӀа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу».
Нагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь,
Везачу Эло догӀа доуьйтур ду аша лаьтта дӀадийначу хӀуьнна тӀе, тӀаккха шун ялта хьийкъина а, токхе а хир ду. Шуьйрачу дежийлашкахь дежаш дуккха а даьхни хир ду шун.
Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бӀаьста а догӀа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“.
Везачу Эло, жоп а луш, Шен халкъе элира: «ХӀан, Ас лур ду шуна ялта а, чагӀар а, зайтдаьтта а. Царах дузуш Ӏийр ду шу. Ас кхин дӀалур дац шу къаьмнаш шух кхардийта.
Ас шун дуьхьа доьхкур ду цӀазана лаьттан стоьмаш хӀаллакбар, иштта шун аренгара кемсийн таьллангаш а шайн стоьмех евр яц, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –