Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 11:12 - Делан Йозанаш

12 Шун Везачу Дала гӀайгӀа еш долчу оцу лаьтта тӀехь даим бу шун Везачу Делан бӀаьргаш: шеран коьртера дуьйна схьа и шо чекхдаллалц.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 11:12
8 Referencias Cruzadas  

Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доӀа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хӀоттийна долу Сан цӀа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цӀе язъяйтархьама. Ас иза Ӏалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду.


аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, зайт-дитташ а, моз а долуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц. Цу тайпана шу дехар а ду, лийр а дац. ‹Везачу Эло вай кӀелхьардохур ду›, – бохуш, шаьш ледеш волчу Хьузакх-ЯхӀуга ла ма догӀа.


Амма Дела яхӀудхойн тхьамданаш ларбеш вара. Цара шайн болх саца ца бира, шаьш Дари-Ваша-паччахье хаам дӀа а бахьийтина, цунна дуьхьал шайна жоп даллалц.


Х еза Везачу Элана, Шен лаамехь болчара кхайкхича. Церан берриге а баланех Цо уьш кӀелхьарбоху.


Нагахь со галваьлча, хазахеташ, уьш гуллора. Суна хӀума олуш берш цхьаьна ма кхетара. Стенна ду а ца хууш, саццаза цара со сийсазвора.


Ахь тхо гуре лацийтира, тхан ги деза маххьаш дехкира.


аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц’.


Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хӀокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хӀиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дӀабугӀур а бу, орамашца схьабохур а бац.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios