10 Шайна схьадаккха шу тӀедоьлху и латта шу арадевллачу Мисар-мехкан лаьттах тера дац. Цигахь аша, хӀуш тесначул тӀаьхьа, лаьттана, хасстоьмийн бешана санна, шайн куьйгийн ницкъаца хиш дохкура.
КӀадидархой боьхна хир бу, тӀелаьцна белхалой гӀаддайна хир бу.
Хийрачу мехкашкахь гӀунаш схьа а йостуш, царна чуьра хи мийлина аса. Сайн когийн айрашца Мисар-махкара дерриг а хиш лакъийна аса›.
Аса шу токхечу лаьтта тӀе схьадалийра, цуьнан ялта а, дика хӀуманаш а шуьга яийта. Амма аша, схьа а даьхкина, Сан латта бехдира, Сан долахь долчух аша дегаза меттиг йира.
Нагахь санна мисархой, новкъа а бевлла, схьа ца багӀахь, царна а догӀа хир дац. Царна а дийр ду Везачу Эло адамаш кхалораш кӀелахь Ӏаш долу деза денош даздан ца богӀучарна деш доллу таӀзар.
Ткъа шу шайн дола даккха тӀедоьлху и латта лаьмнаш а, тогӀеш а йолуш ду. Оцу лаьтто стигаларчу догӀанийн хи молу.
Везачу Эло, чӀагӀо а йина, шун дайшна а, церан тӀаьхьенна а лур ду аьллачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу оцу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама, ларделаш и весеташ.
Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тӀе дӀадуьгуш ду. Оцу лаьтта тӀехь татолаш, Ӏемаш а, шовданаш а ду, тогӀешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу.