6 (Исраилхой Баировт-Баней-ЯӀакханера гӀунаш тӀера Мосире дӀабахара. АхӀарон дӀакхелхира, иза цигахь дӀавоьллира. Цуьнан метта динан да дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЭлиӀазар.
ШолгӀа а, орца доккхуш турба лекхча, къилбехьа дӀанисбелларш гӀовтта беза. Уьш новкъа бовлуш а, орца доккхуш турба лакха еза.
Цу лаьтте дӀахьаьжначул тӀаьхьа, хьо дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву, хьан ваша АхӀарон дӀа-ма-кхеттара,
Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, динан да АхӀарон ХӀор-лома тӀевелира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьлла шовзткъа шо долуш, АхӀарон цигахь дӀакхелхира. Иза дара пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь.