5 ТӀаккха, лам тӀера юха а вирзина, Везачу Эло сайна тӀе-ма-диллара, айса динчу тӀорказ чу ехкира аса и экъанаш. Уьш хӀинцца а цигахь ю».
ТӀорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама.
НегӀар тӀорказна тӀедилла. ТӀорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка.
Муса лам тӀера чувоьссира, шен карахь тӀулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тӀехь шинна а агӀор яздина йозанаш дара.
Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хӀума а ца йиира, хи а ца мелира. ТӀулган экъанаш тӀехь бартбаран дешнаш дӀаяздира цо: Делера болу итт хьехам.
Карахь бартбаран ши экъа а йолуш, Синай-лам тӀера чувуссучу хенахь, Мусана ца хаьара шен юьхь серлаяьлла хилар, Дала цуьнца къамел дина дела.
ТӀе парзаш яздина тӀулгийн экъанаш тоьшаллин тӀорказ чу а ехкина, тӀорказан чӀагарех хьокхий чекх а даьхна, негӀар тӀорказна тӀедиллира Мусас.
Оцу экъанаш тӀехь ахьа йохийначу шина экъанна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса, ткъа ахь уьш тӀорказ чу охьаяхка“.
Со, юха а вирзина, лам тӀера чувоьссира, иза цӀерах богуш болчу хенахь. Бартбаран ши экъа сан карахь яра.
Бартбаран тӀорказ эцна боьлху динан дай лаьттинчу метте, Йордан-хина юккъе, кхин шийтта тӀулг хӀоттийра ЮшаӀа. И тӀулгаш хӀинца а ду цигахь.