3 ТӀаккха акаци олучу дечигах ас тӀорказ а дира, хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йира. И ши экъа карахь а йолуш, со лам тӀе велира.
«Акацин дечигах тӀорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза.
цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а,
Хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йина, Ӏуьйранна гӀаьттина, Синай-лам тӀе велира Муса, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара. ТӀулган ши экъа кара схьаийцира цо.
Акацих дина дара и хьокхий, тӀехула цӀаста а лоцуш.
«Оцу хенахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Дечигах царна тӀорказ а дай, Со волчу лам тӀе хьалавала.
Хаза хьожа йогӀу хӀума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тӀорказ а дара цу чохь. ТӀорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегӀа а, маргӀалш хецна хилла йолу АхӀаронан Ӏаса а, бартбаран экъанаш а яра.