Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 10:21 - Делан Йозанаш

21 Шайн хастамаш Цунна дӀало. Иза шун Дела ву. Шун бӀаьргашна гина долу и сийлахь долу а, ларамах дузуьйтуш долу а гӀуллакхаш шуна дина волу Дела ву Иза.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 10:21
18 Referencias Cruzadas  

Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дӀалохкура Ахь.


Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агӀор охьахаа, Аса Хьан мостагӀий хьан когашка охьабахккалц».


Цу Дала кхоьллина стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел дерг а. Цо гуттар а ларбо тешам,


Цо Шен халкъ, маӀа санна, нуьцкъала хилийтира, хастамаш бан бахьана хӀоттийра Шена тешаме мел болчарна – Шена уллора халкъ долчу исраилхошна. Хастам бу Везачу Элана!


Сан синна ницкъ а луш, Шен цӀеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо.


Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КӀелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза.


Везачу Эло тӀаккха элира: «Аса барт бо шуьца: дерриг а хьан халкъана хьалха Ас тамашийна хӀуманаш гойтур ду, дерриг дуьнен чохь долчу цхьана а халкъана хӀинццалц цкъа а хилла доцу. Хьо юкъахь волчу халкъана Аса, Везачу Эло, хьан дуьхьа ден дерг гур ду, ткъа цу бахьаненна уьш ларамах буьзна хир бу.


Хьуна дийнахь серло луш малх а кхин хир бац, батто буьйсанна шен нур а лепор дац, хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш, хьан Дела хир ву хьуна исбаьхьалла хилла лаьтташ.


Тхо хьоьжуш доцу а, ларамах дузуьйтуш долу а гӀуллакхаш Ахь дича, Хьо чу а воьссира, лаьмнаш Хьуна хьалха дега а дира.


Дарба дехьа суна, Веза Эла, тӀаккха со толур вара. КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кӀелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг.


Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю, Хьан Исраилан халкъан сий а ду!»


Дерриг а халкъаш, шайна юкъахь кху лаьтта тӀехь Ӏийна эмархой а болуш, тхо долчуьра дӀалаьхкина Везачу Эло. Цундела оха Ӏамал йийр ю Цунна, хӀунда аьлча Иза тхан Дела ву».


Оцу гӀалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хӀунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Ӏахар а цуьнан къуьда бу.


Шу Везачу Элах кхералаш, шайн дерриг а дог тӀе а дерзадай, Цунна гӀуллакх а делаш. Шуна гина-кх, мел даккхий гӀуллакхаш дина Цо шу бахьана долуш.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios