Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 10:2 - Делан Йозанаш

2 Оцу экъанаш тӀехь ахьа йохийначу шина экъанна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса, ткъа ахь уьш тӀорказ чу охьаяхка“.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 10:2
9 Referencias Cruzadas  

Оцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. И тӀулган экъанаш Муса-пайхамаро ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, уьш Мисар-махкара арабаьхначул тӀаьхьа.


Оцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина хилла йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. ТӀулган и экъанаш Муса-пайхамаро цу чу ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, иза Мисар-махкара арадаьккхинчул тӀаьхьа.


Меттамотт болчу улло а веана, старгӀин сурт а, хелхабуьйлу нах а шена гича, иза чӀогӀа оьгӀазвахара. Шен карара экъанаш ламанан кӀажехь охьа а кхиссина, йохийра цо.


Везачу Эло Мусага элира: «Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Царна тӀехь ахьа йохийначу шинна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса.


ТӀе парзаш яздина тӀулгийн экъанаш тоьшаллин тӀорказ чу а ехкина, тӀорказан чӀагарех хьокхий чекх а даьхна, негӀар тӀорказна тӀедиллира Мусас.


ТӀаккха, лам тӀера юха а вирзина, Везачу Эло сайна тӀе-ма-диллара, айса динчу тӀорказ чу ехкира аса и экъанаш. Уьш хӀинцца а цигахь ю».


Цо шуна Шеца беш болчу бертан тӀедожораш дӀакхайкхийра, шайга кхочушдайта итт хьехам шуьга дӀа а хоуьйтуш. Везачу Эло уьш тӀулган шина экъанна тӀе дӀаязбира.


Хаза хьожа йогӀу хӀума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тӀорказ а дара цу чохь. ТӀорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегӀа а, маргӀалш хецна хилла йолу АхӀаронан Ӏаса а, бартбаран экъанаш а яра.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios