Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 10:19 - Делан Йозанаш

19 Везалаш шаьш долчохь ваха хиъна волу тӀевеана стаг, хӀунда аьлча шу шаьш а ма дара тӀедаьхкинарш Мисар-махкахь.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 10:19
12 Referencias Cruzadas  

ТӀевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш.


И латта шайна а, шайна юкъахь доьзалш а кхоьллина, бехаш болчу кхечу къаьмнех болчу нахана а, кхаж а тасий, дӀасадекъа. Кхечу къаьмнех болу нах исраилхошца нийсса лара беза. Царна а, Исраилан халкъан тайпанашна санна, лаьттан дакъа кхочу.


И тӀевеана стаг юкъахь вехаш долчу тайпано лаьтта тӀера цунна доьзалан дакъа дала деза». Иштта боху Хьалдолчу Эло.


Далла хастам бан веанарг кхечу къомах волу хӀара стаг бен ма вац?»


Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагӀий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тӀаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хӀунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца.


Вайн дан таро йолччуьра, дер вай вежаршна дика, къаьсттина вешан динан вежаршна.


Эдомхой дӀа ма татталаш, уьш шун гергара къам долу дела. Мисархошна а куралла ма елаш, шу церан лаьтта тӀехь тӀедаьхкина Ӏийна дела.


Дуьнен чу девр долчу церан кхоалгӀачу тӀаьхьенан берийн йиш ю Везачу Элан гуламе даха».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios