Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 10:18 - Делан Йозанаш

18 Цо ларйо байлахь болчеран а, бисинчу зударийн а бакъонаш. Цунна тӀевеанарг а веза, Цо даа-мала а, тӀедуху хӀума а ло цунна.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 10:18
19 Referencias Cruzadas  

Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хӀун ду а хьожуш делаш, хӀунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар».


Латта, юргӀано санна, Ахьа кӀоргачу хица дӀахьулдина, гобаьккхинчу хино лаьмнаш а къайладаьхна.


Везачу Эло тӀебаьхкина нах Ӏалашбо, буона а, йисна Ӏачунна а гӀо до, харцо лелош болчеран некъ бухахьабоккху.


Цо бежанашна кхача латтабо, уьш кхайкхича, къийган кӀорнешна а юург ло.


Ца веза бахьана доцуш, со ца везарш сан коьртарчу месел а дукха бу. Харц бахьанашца сан мостагӀий нуьцкъала бу, ткъа уьш со хӀаллакван гӀерташ бу. Аса шайгара къола деш яьккхина йоцург, шайна схьало бохуш, цара со хьийзаво.


Ва Дела! Хьуна евза сан сонталла а, сан къинош а Хьох къайла ца девлла!


Веза Эла воцучу, кхечу деланашна сагӀа доккхург хӀаллакве.


ТӀевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш.


Йисина Ӏачу зудчунна а, байшна а зе ма де.


Нагахь ахь царна зе дахь, Соьга уьш кхайкхича, церан мохь Суна хезар ма бу.


Диканиг дан Ӏама, нийсо лелор лаха, гӀело яр сацаде, вон гӀуллакх нийсонца къастаде, йисина Ӏачу зудчун бакъонаш ларъе.


Дита хьайн бобераш, Ас дола дийр ду церан. Хьан бисина Ӏаш болу зударий а Сох тешна Ӏан мегар ду».


Шайца хӀара дешнаш схьа а эций, Везачу Элана юхадерзийша. Иштта алийша Цуьнга: «Гечдехьа тхан массо а къиношна, тӀеэцахьа тхан дохкодовларан доӀа, ткъа оха Хьуна хастамийн сагӀанаш дохур ду.


Нагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гӀо де цунна, тӀевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидӀа а Ӏайта.


Хьо тхоьца вагӀахь, Везачу Эло тхайна дина дика хьуна а кхочуьйтур дара оха».


шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогӀа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а.


амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догӀа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу».


„НеӀалт хуьлда тӀевеанчунна а, я бона а, я йисинчу зудчунна а нийса кхелъяр талхош волчунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios