Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 10:16 - Делан Йозанаш

16 Шайн дегнийн дуьхьлара пардо дӀахададейша, ма хилийша кхин дӀа а юхахьара.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 10:16
13 Referencias Cruzadas  

Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дӀахададе – иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю.


ХӀинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтӀахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цӀенна тӀе дуьйла. Шайн Везачу Далла гӀуллакх де, тӀаккха Цо Шен чӀогӀа йолу дералла шуна тӀера дӀайоккхур ю.


«Ярушалаймхой, шайн даг тӀера вониг дӀацӀанде, Соьга шаьш кӀелхьардахийтархьама! Мел латто еза аша шайн дегнашна чохь зуламе ойланаш?


Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхӀудан халкъ! Шайн дегнаш тӀера пардо дӀа а даьккхина, уьш цӀан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цӀе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш».


Аша Сан цӀийнан керта чу хийрачу къаьмнех болу нах балийра. Иштта сунтбаза а, дегнаш хедоза а болчу аьрхачу наха а, Сан цӀенна улло а кхаьчна, иза бехдина, Суна тӀе сагӀанийн мохь а, цӀий а деача. Шаьш мел динчу дегазчу гӀуллакхашца Соьца бина болу барт бохийра аша.


Со а ваьлла царна дуьхьал, церан мостагӀийн махка уьш йийсаре а балийна), церан аьрха дегнаш къарделча а, шайн харцонех цара гӀуда текхча а,


Шун Везачу Дала шун а, шун тӀаьхьенан а дегнаш тӀера пардонаш дӀахедор ду, шайн Веза Дела шуна доллучу дагца, доллучу синца везийтархьама а, шу дахийтархьама а.


ХӀунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХӀинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дӀакхелхича, кхин а чӀогӀа иштта хир дац ткъа шу?


Везачу Эло кхин а иштта элира соьга: „Ас тидам бира оцу халкъан – иза аьрха халкъ ма ду!


Хаалаш, шу Делан лаамехь хиларна кара ца доуьйту шуна шун Везачу Дала и беркате латта, хӀунда аьлча шу юхахьара халкъ ду».


Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дӀабаьхна.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios