Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Карлабаьккхинарг 10:15 - Делан Йозанаш

15 Хьан дайшна тӀе бен ца хьажийна Везачу Эло уьш безаран Шен лаам. Дерриг а халкъашна юкъара Цо шу, церан тӀаьхье ерш, хаьржира. Тахана а иштта ма ду иза.

Ver Capítulo Copiar




Карлабаьккхинарг 10:15
10 Referencias Cruzadas  

ва Цуьнан ялхо хиллачу ИбрахӀиман хӀух дерш, Цо хаьржина хиллачу Якъубан тӀаьхьенах дерш!


Баркалла ала Ша инзаре Ӏаламаташ Дечунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.


Адамашна юкъара уггар исбаьхьаниг ву хьо. Къамел дарна говза а ву хьо, цундела Дала абаденналц декъалвина хьо.


«Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тӀехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш».


Нагахь Веза Эла вайна реза велахь, Цо и латта вайна схьалур ду. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду иза.


Хаза кхаъ тӀе ца эцна дела, исраилхой Делан мостагӀий бу, ткъа иза кхечу къаьмнех долчу шуна пайденна ду. ХӀетте а, Дала уьш хаьржина дела, Далла безаш берш бу уьш, церан дайшка дина долу ваӀда бахьана долуш.


Шун дай Шена безна дела, царах йисина тӀаьхье йолу шу хаьржира Цо. Цо Ша Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца шу арадаьхна.


Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios